Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман

Здесь есть возможность читать онлайн «Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман» — ознакомительный отрывок электронной книги совершенно бесплатно, а после прочтения отрывка купить полную версию. В некоторых случаях можно слушать аудио, скачать через торрент в формате fb2 и присутствует краткое содержание. ISBN: , Жанр: Прочие приключения, на русском языке. Описание произведения, (предисловие) а так же отзывы посетителей доступны на портале библиотеки ЛибКат.

ЧIир. Роман: краткое содержание, описание и аннотация

Предлагаем к чтению аннотацию, описание, краткое содержание или предисловие (зависит от того, что написал сам автор книги «ЧIир. Роман»). Если вы не нашли необходимую информацию о книге — напишите в комментариях, мы постараемся отыскать её.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман — читать онлайн ознакомительный отрывок

Ниже представлен текст книги, разбитый по страницам. Система сохранения места последней прочитанной страницы, позволяет с удобством читать онлайн бесплатно книгу «ЧIир. Роман», без необходимости каждый раз заново искать на чём Вы остановились. Поставьте закладку, и сможете в любой момент перейти на страницу, на которой закончили чтение.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Яковс кIанте телефон туьйхира.

– Алло, Микаил?

– ЛадугIуш ву!

– Микаил, со ву иза, Гельдман Яков.

– Яков, маршалла! Хьо дагавеанера суна тахана. Iуьйранна цхьа инзаре чIогIа ши трюк Iамийна ас, уьш хьуна гайта сатесна ву со. Кино йукъайахийтича дика хир дара уьш.

ЦIе йаьлла кхехкара Русланан кийра. Ма тера дара Микаилан аз шен ненан озах. Самабевллачу дагалецамаша йуха а къийзош, мIараш туьйссура Русланан догах. Цара вадийна вигира иза Нохчийчоьнна Iаьржа деана хиллачу эзар исс бIе дезткъе пхийттолгIачу шаре…

Корта II

Руслан а Бэлла а I Руслан а Бэлла а СоьлжаГIалин массо а вахархо санна - фото 6

Руслан а, Бэлла а.

I

Руслан а, Бэлла а, Соьлжа-ГIалин массо а вахархо санна, шайн са дадийна лелара, цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа йоьхна гIишлош а хуьйцуш. Цара безамца дола деш, лелийна хиллачу хIусамах йиссинарг цхьа херцар бен йацара, ткъа йерриге а Нохчийчоьнах йоккха тIеман аре хиллера. Руслан а, Бэлла а гIалара лома хьаладахара. Цхьалха йехачу цхьаьна йоккхачу стага тIеийцира и шиъ. Кхузахь цкъачуна кхераме дацара. ТIом хIинца а ца баьржинера лаьмнашкахула. Чиркхан бен серло йоцучу кхузахь, Iаьнан доцачу дийнахь бода сиха баьржара, цундела шатайпа сингаттаме а хуьлура, амма Iаламан хазалло а, цIеналло а ша дерриге а дицдора. Лаьмнийн ирачу баххьаш тIехь лепаш санна хеталора хIора буса стигла къагош долу дашо седарчий. Стигла а йара цхьа шатайпа цIена. Соьлжа-ГIалара стигла-м молханан кIура Iаржйинера, ткъа хIора а дийнахь гучудовлучу кеманаша, мархаш этIош санна хеталора. Адаман дахар кегдеш, лаьттахула Iожаллан хIу тоссуш болчу къизачу тIамна тIехь толам баккха ка йолуш цхьа хIума ду. Герзан а ницкъ ца кхочу и сацо. Цуьнан цIе йу сатийсам. Русланан даг чохь а бара сатийсам. Иза тешара мацца баьлла а тIом дIабаьлча, ша лаьмнашкахь хIусам а йина, шен доьзалца цигахь ваха хуур ву. Итт шо дара Руслан Бэллица доьзал кхоьллина Iаш волу, амма хIинца а бераш дацара церан, хIете а Руслана сатуьйсура кхолламан совгIате.

ТIом бара аьлла, диканах дог диллина вацара кху лаьмнийн кIотарахь цхьа а. Берашна деша лаьара, ткъа Руслан ингалс меттан хьехархо хиларах самукъадаьллера церан. Руслана хазахетарца гIо дора берашна керла мотт Iаморехь а, церан хаарш шардарехь а. Цхьа минот а мокъа ца йоккхура цо. Цхьаьна сарахь гIелвелла чувеанчу цунна гира, хих буьзначу бIаьргашца лаьтта Бэлла.

– Хьо йоьлхуш ма йу. ХIун хилла? Са гатло хьан кхузахь, гатлой? – хаьттира цо хIусамнене, амма цо деллачу жоьпо Iадийра Руслан, цуьнан дог тIекал а доккхуш. Бэлла доьзалхочух йара. Уггаре а чолхечу, къизачу хенахь, шайн синош довдийна хIорш лелачу муьрехь гайтира кхолламо Русланна шен комаьршалла, амма ца хаьара Русланна тахана хиллачу хазахетара иракарахIоттийначу дагна кестта ца йерза чов хир йуй.

ХIинца Русланна тIом хезаш а, гуш а бацара. Цунна ша кху дуьнен чохь уггаре а ирсе стаг хетара. Собаре хиларна, Дала тIаьхье йоцуш ца витина Руслан. Цуьнан йерриге а ойланаш Бэлла Нохчийчуьра арайаьккхарна тIехьажийна йара. Русланна ца лаьара цу хьолехь йолчу зудчунга тIеман къаьхьо кхин дIа Iовшийта. Кхин дIа замано хIун гойту ца хаьа, амма Русланна могуш-маьрша бер оьшу. Цо шена цкъа а геч дийр дац, нагахь санна Бэллина а берана а цхьаъ хилахь…

II

Зараан хIусамда Расул гIеметтахIоьттина стаг вара. Шен йалх бер цунна гуш а дацара, хIунда аьлча Расул царна рицкъа даккха гIерташ, цIахь хуьлуш а вацара. Расулан уггаре а сирла сатийсам бара – шен берашка дешийта, уьш лаккхара корматалла йолу говзанчаш хилийта, амма къизачу тIамо йохийра адамийн массо а Iалашонаш, хIаллакбира церан уггаре а цIена, экаме хилла лаамаш, сатийсамаш. Массо а говзанчаш дIаоьхура Нохчийчуьра, цундела Расулан бераш а диссинера хьехархой боцуш, амма цуьнан доIанашна жоп луш, лаьмнийн кIотаре Дала Руслан валийра. ХIинца Расулан берашна оьрсийн а, нохчийн а меттанаш хаьарал совнаха, ингалс мотт а бара Iемаш. Расул воккхавийна а ца волура, ткъа ша Русланна даима декхарийлахь волуш санна хетара цунна. Русланна хаьара Расул шена накъосталла ца деш Iийр воций – кху йоцачу ханна йукъахь боккъалла а гергарло тассаделлера церан доьзалшна йукъахь.

Геннара бIаьрг кхийтира Русланан Хасавюртара цIа вогIучу Расулан машенах. Могуш-паргIат а хаьттина, Руслана довзийтира шен дехара:

– Расул, Зарас аьлла хила а тарло хьоьга… доцца аьлча Делан лаам хилахь, доьзалхо хир ву сан.

– Йа АллахI Дела ма хаза кхаъ бу иза! Руслан, ткъа вайн йуьртахь йа лор а, йа лазаран цIа а ма дац.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Похожие книги на «ЧIир. Роман»

Представляем Вашему вниманию похожие книги на «ЧIир. Роман» списком для выбора. Мы отобрали схожую по названию и смыслу литературу в надежде предоставить читателям больше вариантов отыскать новые, интересные, ещё непрочитанные произведения.


Отзывы о книге «ЧIир. Роман»

Обсуждение, отзывы о книге «ЧIир. Роман» и просто собственные мнения читателей. Оставьте ваши комментарии, напишите, что Вы думаете о произведении, его смысле или главных героях. Укажите что конкретно понравилось, а что нет, и почему Вы так считаете.

x