Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман

Здесь есть возможность читать онлайн «Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман» — ознакомительный отрывок электронной книги совершенно бесплатно, а после прочтения отрывка купить полную версию. В некоторых случаях можно слушать аудио, скачать через торрент в формате fb2 и присутствует краткое содержание. ISBN: , Жанр: Прочие приключения, на русском языке. Описание произведения, (предисловие) а так же отзывы посетителей доступны на портале библиотеки ЛибКат.

ЧIир. Роман: краткое содержание, описание и аннотация

Предлагаем к чтению аннотацию, описание, краткое содержание или предисловие (зависит от того, что написал сам автор книги «ЧIир. Роман»). Если вы не нашли необходимую информацию о книге — напишите в комментариях, мы постараемся отыскать её.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман — читать онлайн ознакомительный отрывок

Ниже представлен текст книги, разбитый по страницам. Система сохранения места последней прочитанной страницы, позволяет с удобством читать онлайн бесплатно книгу «ЧIир. Роман», без необходимости каждый раз заново искать на чём Вы остановились. Поставьте закладку, и сможете в любой момент перейти на страницу, на которой закончили чтение.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

– Лос-Анджелесь ву иза. Цул совнаха, кхин цхьа хIума а эр ду ас хьоьга! ДагавогIий хьуна, цу зуламхошна йукъахь цхьаъ вара-кх йуьхь тIехь туьтмIьажиг йоцуш?

– ДагавогIу!

– Цуьнан цIе Канта йу. Иза кхузахь Лос-Анджелесь Iаш ву, сан кIентан да ву ша а боху цо.

ХIинца кхийтира Яков хIунда веана Руслан Iамаьрка, амма хIара бахьана хир ду аьлла цкъа а моьттур дацара цунна. Яков вехха хьоьжура Руслане. Доггах цунах къахийтира Яковна. Иза кхетара мел чIогIа замано зийна ву Руслан, мел дукха баланаш лайна цо шен дахарехь, амма хIете а диканах дог диллина вац иза, дог чIагIделла вац иза. Къинхетамах, адамаллех вуьззина ву иза. Иза хир йу-кх церан къоман доьналлин къайле – дагатессира Яковна.

– Ас хIун гIо де хьуна? – хаьттира Яковс.

– Яша, суна цкъачуна ца хаьа. Суна уггаре а коьртаниг ду вайшиъ гина а, суна эшначу мIаьргонехь, ваша хилла суна улло хIотта хьо волуш а. Яша, йалхийтта шарахь гIенахь бен гина ма ваацара суна иза… йалхийтта шарахь, ткъа хIинца иза кхузахь ву, кхетий хьо? Кху гIалахь веха иза, кху урамашкахь дIасхьалела. Ма доккха хIума ду иза, Яша…

Йуха а тийналла йоьссира, йуха а дагалецамаша вадийна цу боьхачу тоьлане вигира ши накъост.

– Руслан, кIантаца дерг-м къаьстина даьллера, ткъа цу стагана хIун дан воллу хьо? Оцу Кантина? Цо дахар кагдина хьан, бакъ долуш. Со-м кхоьру, иза гича, ахь цхьа хьашт доцург дарна. Собаре хила веза. ДагадогIий хьуна, ахь соьга олуш, хIора а стагаца дика а, вуо а ду, ткъа Далла иза ша дерриге а гуш хуьлу. Цо вай массо а цхьаьна дикане кхачаво, цундела Далла тIе болх биллина, цо билгалбиначу некъа тIера довла мегар дац вай. Бакъ дерг дийцича, и денош хийлозза сайна дагатесча, и Канта-м вайна тIехь Iазап латтош хиллачу зуламхошна йукъахь уггаре а къинхетаме вара хьуна. Цундела ца лечкъийна а хила тарло цо шен йуьхь, амма суна а, хьуна а цунах хийцадала хIума дацара хIетахь. Цабезаман алу кхерстара Якован бIаьргаш чохь. Гуш дара мел боккха тIеIаткъам бина цунна цу къизачу хиламо.

– Яша, дагадогIий хьуна ас хIетахь хьоьга дуьйцуш сайн кIант Iамаьрка деша вахийта лаьара сайна бохуш? Гой хьуна, Дала йаздина хилла хьуна мухха хилла а сан лаам кхочуш хила, амма суна-м иза бакъ волу нохчо санна кхио ма лаьара, ткъа хIинца цуьнан амалш муха йу а ма ца хаьа. Вуй те иза со реза волуш? Хаьий те цунна нохчийн мотт? Буй те цуьнан Даймахка цIа верза лаам? Эзар хаттар ду сан коьртехь, Яша.

– Руслан, хьуна хаьий иза мичахь Iаш ву?

Руслана дIакховдийра шен телефон.

– О, Валенси! Селхана хилла-кх со цигахь. Кхузара шовзткъе итт чаккхарма бен генахь йац иза. ЧIогIа синтеме а, хаза а, жима гIала йу иза. Калифорнера уггаре а тоьлла ишколаш йу цигахь, иштта Исбаьхьаллин институт а йу.

– Хьо лаа хиллерий цигахь? – хаьттира Руслана.

– Цигахь вехаш цхьа кIант ву скейтбордист. Цунах лаьцна кино йоккхуш ду тхо. Иза вуно чIогIа похIма долуш жима стаг ву. Скейтер хиларал совнаха, актеран говзалла а йу цуьнан. Кхечу фильмехь коьрта роль ловзайе аьллера цуьнга, амма кIант дуьхьал хилира, шен да цомгуш ву аьлла. Ткъа кино тхо Колорадохь йаьккха дагахь ду, цундела Валенси боьду некъ сайн цIехьа боьду некъ санна дика бевза суна.

– Мел дика кIант ву иза. Шен ден ойла йина-кх цо. Дала дукха вахавойла цуьнан да. Маса шо ду цу кIентан?

– Йалхийтта йа, вуьрхIийтта ду моьтту суна. Собар дехьа, Руслан. Даима хьан кIант вуьйцу вай. И зуда йеллачул тIаьхьа ахь кхин…

– ХIан-хIан, Яков, ас кхин зуда ца йалийна, йа цкъа а йалор а йац – йукъахдеккхира Руслана накъостан къамел. Бэлла дагайеача, цхьа къаьхьа къурд хьаьдира цуьнан легашка. Кисана кхевдина, цуьнан сурт схьалаьккхира Руслана. – Ас даима сайца лелош ду Бэллин сурт. Сайн ойланашкахь цуьнца къамелаш а до ас. Ас дош делла цунна Микаил каронза со Iийр вац аьлла. Руслана цIеххьана шен къамел сацийра, Яков цецваьлла суьрте хьоьжуш а гина. Цхьаъ дагадеача санна, Яковс шен ноутбук а латийна, иза Руслан волчу агIор дIайерзийра. Къоначу скейтбордиста масех хьуьнар а гайтина, йуха камера йолчу агIор а вирзина ши пIелг ирах айбира, «машар» бохучу дешан маьIна гойтуш. И кIант Микаил вара. Йалхийтта шарахь Русланна гIенашкахь дуьхьал тиссина хилла Микаил.

Йехха соцунгIа а йина, Руслан эххар а вистхилира.

– Яков, со отелехь садаIа дагахь вара, амма хIинца соьга паргIат буьйса йаьккхалур йац. Ас доьху хьоьга, муьлхха а бахьана а лехна, кхуза схьавалаве иза. Хьо цхьаъ дIайала йезаш ву ала цуьнга. Машенан корахула гина а, тахана иза сайн бIаьргашна ца гича, са тохалур дац соьга.

Яков кхетара Руслана бохург ца дича ша вер воций. Цуьнан накъостана гуш кхин хIумма а дацара, шен кIентан дагна гергара сибат доцург.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Похожие книги на «ЧIир. Роман»

Представляем Вашему вниманию похожие книги на «ЧIир. Роман» списком для выбора. Мы отобрали схожую по названию и смыслу литературу в надежде предоставить читателям больше вариантов отыскать новые, интересные, ещё непрочитанные произведения.


Отзывы о книге «ЧIир. Роман»

Обсуждение, отзывы о книге «ЧIир. Роман» и просто собственные мнения читателей. Оставьте ваши комментарии, напишите, что Вы думаете о произведении, его смысле или главных героях. Укажите что конкретно понравилось, а что нет, и почему Вы так считаете.

x