– Руслан, со кхузахь ву! – цуьнан ойланаш йукъахйехира дуьхьал вогIучу Яшас.
ДоттагIий доггах маракхийтира. Йалхийтта шо хьалха, ткъе итт де йийсаре а даьккхина араваьллачу хенахь санна, тахана а лаьттара и шиъ вовшах къаста ца луш. Якове хьоьжура Руслан. Хала дара теша, хIара гIеметтахIоьттина, маж йаьлла стаг, кхуьнца цхьаьна йийсарехь бала лайна волу пхийттара ваьлла жимха хиларах. ХIетахь, Руслан тIе ца кхаьчнехь кханенах дог диллина ваьллера иза, ткъа хIинца кхолламо йуха а заманан майданехь цхьаьнатоьхна ши накъост.
– Яша, маж ледар ма йац хьан! Жуьгтийн молла-м ца хилла хьоьх?
– Ца хилла. Со операторан болх беш ву, амма хIора шот дийнахь со синагоге а воьду, мокъа хан хилча Товрат а, Инжил а, КъорIан а доьшу. – Велакъежира иза. Хьо бахьана долуш вирзина хьуна со Деле. Ахь дика гIо дира суна даг чохь иман кхио. Сийлахь дезачу йозанаш йукъара хийла чулацаме дийцарш довзийтинера ахь суна. Цкъа а дицлур дац суна ахь Муса Пайхамарах лаьцна дийцина хилларг. Муса Пайхамар шен нахаца хIордан йистехь тIекхача орца доцуш виссича, цо шен нахе аьлла хилла:
– Деле деха! Дала къинхетам боцуш буьтур бац собаре хилларш! Тоьла чохь вайшиъ йийсаре волуш, ас а доьхура Деле. Со тешна вара цо гIо дийр ду аьлла. Цо вайн доIанаш жоп доцуш а ца дитира. ХIетахь цу халачу, цу чолхечу мIаьргонехь хьоьх суна а ма хиллера Муса Пайхамар.
СоцунгIа хилира. Ойланаша цу ирча деношка йухаверзийна ши накъост вист ца хуьлуш, дIатийра. Эххар а, тийналла йохош, вистхилира Яша.
– Руслан, дийцахь мичахь Iаш ву хьо? ХIун лелош ву? Муха ду хIинца Нохчийчоьхь?
– Яша, чайн стака молуш, паргIат дуьйцур ду вайшиммо. Вало!
Даг чохь цхьа а гIайгIа йоцу ши накъост, ирсе велакъежаш, машенаш йолчу агIор дIаволавелира.
– Ма къегина лепаш бу малх! – элира Руслана, ткъа йуха Iадийча санна вовшашка хьаьжира и шиъ. Цу шинна дагатессира хIетахь, йийсарехь Руслана аьлла дешнаш, кхеран гергарло долийна дешнаш. Боьхачу тоьла чохь самаваьллачу Русланна боданехь халла къаьстара шена тIехь лаьттачу кIентан сибат.
– Муха ву хьо? Муха хета хьуна? – хаьттира цо Руслане, ткъа са а, дегI а доза доцуш лозучу Руслана халла жоп делира:
– Кхузахь малх ца лепа…
Амма тахана къеггина бара малх. Цуьнан зIаьнарш Русланан йуьхь тIехь санна, даг чохь а лепара. И ирча хан геналлехь йиссира шен мокхачу боданца, наг-наггахь Русланан кийрара иэс сама а дохуш. Иза ларамза а дацара, хIунда аьлча селхане цкъа а йиц ца ло, иза стеган дахаран цхьа дакъа ду…
– Руслан, цу акхачу Нохчийчуьра веанчух тера а ма вац хьо! Европан йа, Малхбузен вахархочух къасталур волуш а вац – велавелира Яков, ткъа йуха соцунгIа а йина элира – бехк ма биллалахь суна, ас ишта аларна.
– ХIумма а дац, Яков! Ас хIинца гойтур йу хьуна и «акха» Нохчийчоь. – Руслана цхьаъ цхьанна тIаьхьа дIалуьстура телефон тIехь суьрташ, ткъа царна тIехь гуш йара Соьлжа-ГIалин стигла кхийда, леккха гIишлош, заза даьккхина бошмаш, маьждигийн дашо мимарш, самукъне берийн ирсе йаьххьаш.
– ХIара суна гуш йерг Соьлжа-ГIала йу ала гIерташ-м вац хьо? – цецваьллера Яков.
– Ала гIерташ вац, иза боккъалла а Соьлжа-ГIала йу. Дер Нохчийчоь хIинца хийца ма йелла, ткъа Соьлжа-ГIала дуьненан тоьллачу гIаланех къасталур йоцуш хазйелла. Цуьнан бахархой а бу хIинца кхин. Кхууьш йу Iилма долу, дешна, ирсе тIаьхье. Нохчийн берашна Iамаьркан кегирхошначул дикох йевза смартфонаш а, IT технологиш а.
Яковна ша цецваккха хIума диссина а дац моьттура дуьнен чохь, амма гиначу суьрто иза боккъалла а Iадийнера. Уггаре а чIогIа иза цецваьллера, дуьнен чохь цIейаххана болчу артисташца а, спортсменашца а Русланан суьрташ гича.
– ХIара а Соьлжа-ГIалахь ду?
– Ду, Яша! Соьлжа-ГIала дика йевза дерриге а дуьнен чохь, ткъа цIейаххана бевзаш болу артисташ, спортсменаш, политикин гIуллакххой хазахетарца оьху тхо долчу хьошалгIа – дозаллица жоп делира Руслана.
– Боккъалла а, доггах чIогIа воккхаве со, шун къомах а, махках, амма даима сан коьртехь лаьтташ хиллачу хаттарна жоп кариний хьуна? ХIун бахьана долуш лачкъийнера хьо хIетахь? Со-м хьал долчу доьзалера ву аьлла, ахча даккха лачкъийнера, ткъа хьо?
– Цу хаттарна жоп лаха веана ма ву со Iамаьрка. Кхузахь ма ду и жоп!
– Кхузахь ду?! – цецвелира Яков.
– Ду! ДагадогIий хьуна, хIетахь цу тоьла чохь, ас сайн шо кхаьчна кIант ву элира-кх хьоьга?
– ДагадогIу дер!
– ХIетахь дуьйна кхин суна гина вац хьуна иза. Иза а цара лачкъийра. Амма суна иза карийна. Сан кIант Лос-Анджелесехь ву.
– Лос-Анджелесехь??? – Яков Iадийнера.
Читать дальше