Нагахь санна антиколониальни тIемаш долчу хенахь къайлах мотт беш волчо дийнна йуьртана а зен деш хиллехь, тахана совхозан ча лачкъийна, йа Iедална луьйш гучуваьллачунна мотт бар ши-кхо шо хан тохарца чекхдолу.
Мотт тохар иза шуьйра дийцаре долу гIуллакх хилла. Нагахь санна цхьаммо мотт тохар бахьана долуш зен хиллачун доьзал и айкх эцна ваханчунна дIадекха гIерташ хилла. ХIоранна а лаьара законе хьаьжжина ваха. Шерашца баланаш лайна адамаш кхетара Советан Iедалах тийссабала шайн ницкъ тоьар боций, цундела цуьнца бертахь Iаш хилча аттох ду, цу Iедалан харцо хьайн гуш йалахь а. Миска нахана-м башха ишта вуо а дацара и Iедал ма-дарра аьлча.
СаьIид чIирхочун кIант хиларал совнаха, иза эпсаран цIе лелош, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхало а, коммунист а вуй хиъча, КГБ белхалоша йемалдарца тIелецира и тайпа цхьаьнакхетаршкахь цо дакъа лацар. Эпсарана дагадийтира цу хьокъехь партис хIу боху а, пачхьалкхан ойланна дуьхьал долчу цхьаьнакхетарехь дакъа лацар республикин партийни куьйгаллина хуур хилар а. Иштта кхерам тессира гулбелларш нуьцкъала дIасалохкур бу аьлла.
СаьIида уьш кхетийра шина тайпанна йукъахь ткъе пхиъ шо сов хенахь дуьйна хилла хIара мостагIалла тховса кхин цкъа а ца хьахо дIадоккххуш ду аьлла. Цул совнаха, хIара тайпа цхьаьнакхетар мелхо а машарна тIехьажийна ду, тIекхууьчу чкъурана а кхетийта, геч дина стаг вита, цуьнан цIий Iаночул совнаха доьналла оьший. СаьIида кIоргера къамел дира лериначу урхаллийн белхалошца. Партина дуьхьал вала а ца гIерташ, нохчийн Iадатийн кIорге йовзийта шен дерриге а, хьекъал а, кхетам а тIехьажийра цо. СаьIида билгалдаьккхира Iедалан таIзар кхочушдаран система буьззинчу барамехь тоьлла йац аьлла, хIунда аьлча набахтичуьра араваьллачо ша дина зулам кхин цкъаъ до, амма заманан йохалла гина дац витиначу чIирхочо йуха а адамна тIекхевдина а, ур-аттала цхьа жима зулам дина аьлла а гучудаьлла. Оцу кепара вайна го мел йеза йу Iадатан мехала. Амма хIете а социалистически йукъараллехь Iадат хьалхататта а оьшуш дац. Цу тIехь церан къамел чекхделира.
Баккхий нах дукха чIогIа реза хилира СаьIида диначу къамелана, цуьнан дешаран пайда билгал а боккхуш. Цул тIаьхьа гулбеллачара кхи дIа шайн гIуллакх дIадехьира…
Цкъа хьалха гулбеллачаьрга вистхилира къано – Абу-Хьаьж. Цо дехха дуьйцура чIир йитаран мехаллех а, нохчийн гIиллакхех а лаьцна.
Къаночун къамелана новкъарло йарна кхоьруш санна, меллаша диттийн гаьннаш хьоьстура бIаьстенан мелачу мохо. Лаьттахула доьдучу сагалматан болар а хезар долуш тийналла хIоьттира гулбеллачарна йукъахь. Ткъа къано-м ойланаша масачу дойша санна вадийна генарчу геналле вигира. Тахана иза шина тайпанна йукъахь машар бан лаьтта.
Тасуев Заурбекана (ТIасин Акин Генжин кIантан Наурдинан васт) стаг ву тахана вуьтуш. Цуьнан карах веллера Дога, амма къаночунна хаьа шен цхьа а шеко йоцуш церан доьзалах дош дала бакъо йуй, хIунда аьлча дагалецамаша иза сихвина кху тийначу Шина-Суьйра йукъара майданера буьрсачу Органан чIоже вигира.
Цигахь… дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна – Боки-Дукъархошна а, уьшкхалхошна а йукъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна йукъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара Заурбекан кхоалгIа да ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза йара, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа боки-дукъархойн дуьхьал винарг йалх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъйан, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш йерг Даймехкан маршо йара. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Йуьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу йукъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.
Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта йеъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира – суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Йуха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и йурт йекош мохь туьйхира:
Читать дальше