Амма ширачу заманера схьадогIуш алар а ду – делла дош дохош, маж йошуш долу куьйг «дегийна», Iаьржачу лаьтта цIий Iенина меттиг нисъйелла бохуш. Ткъа хIетахь-м ши тайпа тIамца дуьхь-дуьхьал доьдуш хилла. Нагахь и санна дерг халкълахь дуьйцуш диссинехь и тайпа са кIезиг нах а хилла хила тарло нохчийн йукъараллехь. Цундела ларамза хир дац чIир йитарехь зударий хилийта магош ца хилар. Цул совнаха, цигахь нохчийн Iадатаца, чIирхочун уггаре а жимох волу кIант а, йа, цхьаъ бен воцу кIант а хилийта бакъо йац чIир йуьтучохь. Амма тIаьхьарчу бIешерехь чIирхошна делла дош дохийна меттиг нисйелла йац нохчийн йукъараллехь, цуьнан теш лаьтта халкъан иэс лардеш болу, замано къежбина къаной.
Теркан тогIехь Iуьллу и жима кIотар самайаьккхира сийначу Iуьйрено. Цуьнан массо а маьIIера схьахезара летачу жIаьлийн а, дажа дIадаха сихделлачу даьхнийн а гIовгIа. ГIайгIане ойланаша цIеххьана самаваьккхира Заурбек а. БIешеран доьалгIа дакъа-м хIете а дIадаьллера цо кху Iуьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина кIади дIа а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-йарра сийна йара, хIуммаъ ца хилча санна, лаьтта шен зIаьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….
ТIаьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старгIа а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Догин доьзална дIакхачо. И гIо дар Iадато магийна ду. Цуьнан барам шина агIоно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостагIалла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Догин гергара нах и тIеэца ца тигира, амма хIете а ЗаурбекагIарна лиира йуха а и гIиллакх цаьрга кховдо.
Iадато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу кIант ИбрахIим цу дийнахь цIахь сецира. Нагахь санна чIир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, ТасуевгIеран хIу ца хадийтарна жоьпалла ИбрахIимана тIехь йуьссура. Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, ИбрахIима дукха хIума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила. Цуьнан жималлин цIергахь догучу дагна ца лаьара оццул чIогIа шен дас сатийсина йолу мIаьрго тховса шена ца гуш тIехъйалийта…
Машенийн а, автобусийн а йеха могIа новкъа йелира. БIе шовзткъе итт километр йохалла некъ бара цара арабаьккхинарг. Довхачу дешнашца, ловцашца новкъабохура уьш лулахоша, шайн даго ма-бохху цу гIуллакхан чаккхе хилла цIа дерзар нислойла шун бохуш…
Билгалйиначу меттиге уьш схьакхаьчна масех минот йалале, кхуза кхечира Iаьржачу басахь «Волга» машен. Цу чуьра охьавоьссира нохчийн къомаха а волуш, тайначу аматехь цхьа стаг. Схьахетарехь, иза лериначу урхаллийн белхало вара. Цо дийхира гулбеллачарна йукъара милла а цхьаъ шега вистхила йуьстахвала аьлла. Къаноша дукха ойла ца йеш Заурбекан воккхах волу кIант СаьIид дIахьажийра КГБ белхалочуьнга вистхила. Могуш-паргIат а хаьттина, и шиъ машенна чухиира. Цаьрга хьоьжуш лаьттачарна и къамел чаккхе йоцуш дахделла хеталора, амма ма-дарра аьлча йаьлларг ткъа минот бен хан йацара. СаьIид машенчуьра охьавоьссира, цунна тIаьхье КГБ шиъ белхало а. Лаккхара дарж долу шолгIаниг оьрси вара. Советан Iедалан муьрехь республикин массо а нуьцкъаллин структурашкара лаккхара даржашкахь оьрсий а бара, лериначу урхаллашкара муьлха а декхара кхочуш деш волчу нохчочун терго йеш даима а цхьацца оьрси а хилла.
Кхайкхаза баьхкина хьеший СаьIидан Iодика а йина дIабахара. СаьIида дийцира гулбеллачаьрга уьш хIун дахьаш баьхкинера. Цхьанна а башха цецвала хIума дацара уьш кхуза кхачар. Дукха хьолахь церан «хьошалла» къамелаца дIадоьрзура, амма хIете а шайгара дукха ца оьшу, Iадатаца ца богIу хийцамаш бора цара хIара тайпа гIуллакхехь. ЧIирана партис кхайкхина болчу къиссаме хьаьжжина, КГБ-на хууш дара мила хьенан чIирхо ву. Цу организацис шен ницкъ кхочург дара деш нохчийн йукъараллера чIир йитаран Iадат дIадаккха.
Тховса а уьш кхуза баьхкинера дукха хьолахь гулбеллачарна диц ца далийта шайна ца хууш кху махкахь хIумма а чекхдер доций. Иза бакъду. Советан Iедалан заманахь КГБ вуно чIогIа ницкъ болу организаци йара. Цуьнан лергаш а, бIаьргаш а ца кхочуш ца йуьссура Нохч-ГIалгIайчохь цхьа а генара а кIотар. Бахархой-м боьллера цу гIуллакхах. Цхьа кхузткъа-кхузткъе итт шо хьалха Iедалца къайлах уьйр латтош, айкх эцна вахар нохчийн йукъараллехь цIанлур доцу эхь хеттера. Мотт бетташ волу стаг а, цуьнан берриге а доьзал а махкахоша йемал деш, йуьртаха боккхуш хилла. Цуьнан къеггина масала ду Хорчара БорщиговгIеран доьзал. Уьш йуьртаха баьхнера Харачойн Зеламхаца йамарт хиларна. Таханлерачу дийнахь а, цу доьзалан тIаьхьенан аьтто бац шайн дай баьхначу лаьтта ког баккха. Цул совнаха, цу доьзалца цхьаьна а кепара йукъаметтиг латтор эхь лерина нохчаша.
Читать дальше