Романан литературни-сценически кхачаллех дерг аьлча, билгалдаккха хьашт ду, кху говзаран боккха, маьIне чулацам хилар. Авторан чIогIа дика аьтто баьлла адамийн кхолламаш а, мехкан истори цхьаьна дозуш, ешархойн тидам тIеберзош, довзийта. Билгалдаккха деза хIара роман зорбане йаьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Бакъболчу хиламийн буха тIехь хIоттийна йолчу кху говзарехь, гуш ду авторана истори хилла ца Iаш, кху заманан политически процессаш а дика йевзаш хилар. Цара дIалоцу йерриге а роман.
Суна хетарехь, Акаев ИсмаIалан дуьххьара роман вуно кхиам болуш йу. Цуьнан агIонашкахь беха дахаре болу нийса хьежам а, нохчаллин башхалла а, историн кIорге а, Iадатан хазалла а.
«Дахаран туьха» романан аьтто баьлла йаханчу замане тIай туьллуш, йешархошна нохчийн историн бакъдолу васт гайта.
Ас Iалашо ца хIоттийнера критика йан, суна сайна хетарг ала лиира кху башха литературин говзарна, амма тIаьххьара дош даима йешархочуьнгахь хилла ду, цуо нийса кхел йийр йу аьлла а хета суна.
Кху романан дахар атта хир дац, хIунда аьлча цо шен агIонашкахь айдинарг а ду чолхе а, тIеэца хала а, амма замано гойтур ду…
Ярычев Насруддин, историк
ЮНЕСКО литературни кхеташонан
кегирхойн палатин декъашхо, философи Iилманан доктор.
БисмиЛлахIирРохьманирРохьими Алхьамду лиЛлахIи Роббиль-Iаламина
Уггаре а сийсаза ду лай хилла вахар.
Дахаре бIаьрг беттар йаздархочунна дуккха а хазох ду шен йозанан дийцарехь – «Iожаллан сурт дуьллучул».
Кху говзаран васташ мел ирча а, декъаза а делахь а, цара гойтуш дерг бакъдерг ду, шен йерриге а къаьхьаллица.
Цу бакъдолчун заманан йохаллера схьахеза мохь бу кху книгин коьрта чулацам.
Кхочуш ца хиллачу сатийсамийн, лазаман, лайначу баланийн мохь, иза вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь даима хезар бу.
Амма теша лаьа и мохь ца хезаш тIаьхье а вайн кхууьр йу аьлла.
ХIара жайна лерина ду цу къизачу, боьхачу тIамехь мел эгначийн иэсана.
Башха а дац политологаша а, авантюристаша а муха цIе туьллу Нохчийчуьра хиламашна, амма коьртаниг ду нохчийн къам шена хиллачух кхетар а, цуьнан нийса маьIна дар а.
Къаьсттина мехала ду шо шаре мел долу вайн къоман кийрахь дикалла, комаьршалла, син-оьздангалла чIагIлуш, баланийн IиндагIера маьрша даьлла, тIаьхьарчу тIаьхьенна шен сирла ламасташ кховдош, вайн къомана даха хаар а, цу дахаре йолу шовкъ цуьнан цкъа а дIа ца йалар а.
Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь – маьрша-м хир дац иза ша а…
Акаев ИсмаIал 2001 шо
Дахаран тача… Суьртан автор Акаев ИсмаIал
Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура йурт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан йара массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам. Уггаре а чIогIа кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина Iаш вара. Йеха къоьжа месаш а, йаьлла маж а – замано гIелдиначу цуьнан йуьхь-сибат тIе хьаьжча гуш дара мел беза хилла дахаран мохь.
ГIайгIане ойланаша кIелвитинера Заурбек. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара йаханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш йара генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу цIерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьгIазе йаьххьаш, лай тIе охьакхиссина сенделла декъий. Цунна тховса йуха а хIетахь санна уллохь хеталора чилланах кхуьнан и эгIазе жима дегI дохда гIерташ хилла ненан ховха ши куьйг.
Ткъа йуха дагалецамаша дуьхьал тессира хIорш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна тIеIоттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго хIинца а бохура хIетахь кхин некъ ца хиллий, кхин йухавала меттиг ца хиллий. Дога цIе йолчу цхьаьна стага бехк боцуш кхуьнан йишин цIе сийсаза йан гIоьртира, ткъа и санна дерг нохчийн Iадатан терзанан барам тIе диллича цIийца бен декхалуш дац. ХIара шиъ тассавелира. Догин гIо лаца цуьнан накъостий кхечира. Ницкъаш цхьатерра бацара, цундела Заурбек урсана тIе кхевдира. Чов чIогIа ца хиллехь а, Дога дукха цIий дIаэхар бахьана долуш дIавелира.
Читать дальше