Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Здесь есть возможность читать онлайн «Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» — ознакомительный отрывок электронной книги совершенно бесплатно, а после прочтения отрывка купить полную версию. В некоторых случаях можно слушать аудио, скачать через торрент в формате fb2 и присутствует краткое содержание. ISBN: , Жанр: Историческая проза, на русском языке. Описание произведения, (предисловие) а так же отзывы посетителей доступны на портале библиотеки ЛибКат.

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута: краткое содержание, описание и аннотация

Предлагаем к чтению аннотацию, описание, краткое содержание или предисловие (зависит от того, что написал сам автор книги «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута»). Если вы не нашли необходимую информацию о книге — напишите в комментариях, мы постараемся отыскать её.

«Горцы» – «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш – безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута — читать онлайн ознакомительный отрывок

Ниже представлен текст книги, разбитый по страницам. Система сохранения места последней прочитанной страницы, позволяет с удобством читать онлайн бесплатно книгу «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута», без необходимости каждый раз заново искать на чём Вы остановились. Поставьте закладку, и сможете в любой момент перейти на страницу, на которой закончили чтение.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Романан хьалхара дакъа чекхдолу Гелованин куьйгара нохчийн кIант маьрша ваккхарца. Кхузахь дуьйцу Довта-МартантIера нохчийн обарган Кутин Кавказера накъостий шайн ницкъаш ца кхоош, нохчийн берана орцах муха бевллера.

Кутас цIа верзаво кIант, Гелованига шен мекара Iалашо кхочуш ца йойтуш. Ткъа Кутина цу тIехь доккха гIо дира гуьржийн а, хевсурийн а, сванийн а, балкхархойн а обаргаша. Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а романан шолгIачу декъехь дуьйцуш ду Бакура мехкдаьттанан промыслийн белхалошна декхара йуха дерзорехь Кавказан обаргаша кхочуш йиначу шатайпа операцих лаьцна.

Мехкдаьттан промыслашкахь къахьоьгуш хиллачу тайп-тайпана къаьмнашкара болчу белхалошна догIу алапа дIа ца деллера. Мархи бутт бара чекхболуш, бусулба динехь болчу белхалошна лаьара шайн доьзалийн гуонехь хила дезчу дийнахь. Цара Кавказан обаргашка гIо доьху. Кутас мехала дакъа а лоцуш, обаргаша тIедожадо капиталисташна Нобелана а, Нагиевна а, Тагаевна а белхалошна царна догIу алапа дIадалар.

Иштта, йешархочун тидам тIеберзош ду Теркал дехьа вехаш хиллачу нохчочун Шоптакхан гIалгIазкхиша кхо бIе говр лачкъорах лаьцна дийцар а. ГIалгIазкхиша, ламанхошна даккхий зенаш деш, шайн доьналла гойтуш, сих-сиха лачкъош хилла говраш а, кхин долу даьхний а.

Шоптакха оьрсийн правительствон омранца говраш эскарна кечйеш йара.

Говраш йухайерзор шена тIелецира Довта МартантIера обарга Кутас. Цу хаттарехь а ламанхоша гайтира шайн ира хьекъал а, кхетам а, йист йоцу доьналла а. Говраш шайн дена йухайерзийра, оцу кепара ларйира Паччахьан эскарна говраш кхиош волчу нохчочун цIе. Цунах лаьцна дуьйцуш, РатианигIара исбаьхьа говзаллица довзуьйту йешархошна чергизойн йоьIан Тимазин шен махкахочуьнга хиллачу безамах а, цуьнан ирча чаккхенах а лаьцна.

Иштта дагах кхеташ йолу кийсагаш шортта йу романна йукъахь. Маршо, йахь, сий боху дешнаш дахарал а деза хеташ хиллачу замане йухаверзаво цара йешархо.

Шеко йоцуш книгас гойту ламанхойн чолхе дахар, цара лайна халонаш, социальни харцо, цара шайн ницкъ мел бу нийсо бахьанехь латтийна къиссам.

Романан коьрта турпалхочун Довта МартантIера обарг Кутин дахар кхерамах дуьзна ду. Даима Iедало лар толлуш хилла иза дукхозза йамартлонна а тIенисло, амма хIете а иза цкъа а ца воьхна шен доьналлех, цо цкъа а дахаран диканех ца хийцина шен лаккхара мехалаш.

Цуьнан син-оьздангаллин тIегIа инзаре лекха дара. Тахана кху шалхонан, харцонан тойнехь цуьнан сирла васт масала хила хьакъ ду. Олуш ду, къонахийн зама дIайаьлла, амма хIара роман йешча хийла стеган кийрахь доьналлин суй летар бу, и зама дIайалла ца хилар дагадоуьйтуш.

Со теша, баланаша зийначу, цIий хьуьйдина Кавказан лаьттахь къонахийн хIу хедар ца хиларах.

Акаев Вахьит, философин Iилманан доктор, профессор Сурт диллинарг Айтек Дуг Обарган новкъахь Шийла буьйса Меца кийра - фото 3

Сурт диллинарг Айтек Дуг

Обарган новкъахь

Шийла буьйса —
Меца кийра.
Дайна гIора,
ГIийла говр а.
Тоьпан гIап а,
Шаьлтан ботт а.
Буьйса Iаьржа
Стиглахь седа…
Дуьне-эхарт,
Упханан тхов а,
Кошан барз а,
КIайн марчо а.
Шийла тIулг а,
Iаьржа верта.
Йоьду зама —
Дог ду цхьалха.
Ненан бIаьргаш —
Шийла шовда.
Деле воьхуш —
Йиша йоьлхуш.
Буьйса Iаьржа,
Борз а угIу…
Шена кIант а
Дена оьшу.
Буйнахь шаьлта,
Топ а, тапча…
Дехен лазам —
Деган чов.
Боьхна новкъахь
Обарг лела —
Цхьалха тIулг а
Хилла шийла.
Йилла къоман
Лекха, чIогIа —
Дехе сийлахь
Лекха бIов…
Ирс а доьхна
КIант а лела,
Шовдан йистехь
КIудал йеса…

Акаев ИсмаIал

Дешхьалхе

Ассаламу Iалайкум, лараме йешархой. ХIара дешхьалхе дIайолош, уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, кху книгин коьрта турпалхо нохчийн бакъ волчу къонахчун вастехь доьналла а, майралла а, таханлерачу дийнахь бийца бух а болуш а, тIаьхье а йолуш, тIарикъатан новкъахь а хилла, бусулба динан кIоргера баххаш девзаш, ламаз-марха а долуш, луларчу къаьмнийн меттанаш а хууш, цаьрца доттагIаллин йукъаметтигаш а лелош, нохчийн къоман исторехь йовр йоцу лар йитина стаг хилар. Довта-МартантIера обарг Кутех лаьцна, цхьацца бахьанашца нохчийн йукъараллехь цкъа а шуьйра дуьйцуш хилла дац. Ткъа и бахьанаш вайна ма-хаьара оьрсийн Iедало даима кхуллуш хилла. Нохчийн иэс самадаларан кхерам гуттаренна а хилла оьрсийн Iедалехь. Масех шо бен дац, гуьржийн йаздархо Ратиани Мурман а, цуьнан йоI Ратиани Мзия а бахьана долуш, Кутин цIе Кавказан литературин а, историн а майданехь къеггина седа хилла гучуйаьлла. Цундела тIаьхьарчу хенахь, цхьаболчарна моьтту Кута иза литературехь кхоьллина исбаьхьаллин васт ду, амма иза ишта дац, хIунда аьлча нохчашна цкъа а хьашт хилла дац исбаьхьаллин васташ кхолла – церан историн муьлххачу а муьрехь даима а хилла дуьне цецдоккхуш къонахий. Кху книгин агIонашкахь ма-дарра бовзийтина бу Кутица нийсса, паччахьан Iедалца къиссам латтош хилла Кавказан халкъан чIирхой, цул совнаха, пачхьалкхан архивашкахь Кутин дахарах а, цунна тIехь Iедало латтийначу талламах а лаьцна мел оьшу кехаташ долуш ду.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Похожие книги на «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута»

Представляем Вашему вниманию похожие книги на «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» списком для выбора. Мы отобрали схожую по названию и смыслу литературу в надежде предоставить читателям больше вариантов отыскать новые, интересные, ещё непрочитанные произведения.


libcat.ru: книга без обложки
Александр Андрианов
Борис Перелешин - Заговор Мурман-Памир
Борис Перелешин
Рекс Стаут - Червената кутия
Рекс Стаут
Василий Немирович-Данченко - Мурманский берег
Василий Немирович-Данченко
libcat.ru: книга без обложки
Алексей Кутафин
Мзия Ратиани - Горцы
Мзия Ратиани
Наталья Иртенина - Русь на Мурмане
Наталья Иртенина
Виталий Аракелов - Мурмания
Виталий Аракелов
Отзывы о книге «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута»

Обсуждение, отзывы о книге «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» и просто собственные мнения читателей. Оставьте ваши комментарии, напишите, что Вы думаете о произведении, его смысле или главных героях. Укажите что конкретно понравилось, а что нет, и почему Вы так считаете.

x