Уллохь массо а оьгIазлоно лаьцна, кхерийна, вовшашна мотт тоха сиха, вовшашна йамарт хила сихлучу муьрехь, дин а, къаьмнаш а ца къестош, нийсоне кхача гIерташ, шен майра некъ беш адам ду тахана. Гамсахурдин а, Дудаевн а лехамашна йамарт воцуш, церан нийса накъост хилла, ша хаьржинчу некъа тIера йуха а ца вирзина. Цо шен ницкъ кхочург до лаьмнийн сирла Iадаташ дендарехь, Кавказан къаьмнийн вовшашка болу тешам а, уьйр а чIагIйарехь. Цуьнан амалехь гулделла сан романан турпалхойн васташ. Книга лерина йу Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президентана Кутаев Русланна.
Ратиани Мурман вина 1929-чу шеран бекарг беттан 21-чохь, Гуьржийн мехкан Абаша олучу жимачу гIалахь. Ишкол йаьккхинчул тIаьхьа иза Гуьржийн махкара политехнически институтан гIишлошйаран факультете деша хIоьттира. Дешар чекх даьккхинчул тIаьхьа, 1947-1950-чу шерашкахь цо Баку гIалахь эскарехь тIеман декхара дIакхехьнера. Цул тIаьхьа иза Батуми гIалара МКС-е дIахьажийнера. Цигахь цо тайп-тайпанчу даржашкахь болх а бинера. 1962-чу шарахь Ратиани Мурман ГIебартойн Балкхаре а, Къилбаседа ХIирийн Республике а кхаьчнера шен белхан гIуллакхашкахула. Цигахь цунна бевзира Къилбаседа Кавказан шортта цIе йаххана бевзаш болу йаздархой а, кхоллараллин интеллигенцин векалш а. ХIетахь дуьйна цо шен дерриге а дахар паччахьан Россин къизаллина дуьхьал къиссам латтош хиллачу Кавказан турпалхойн кхолламаш талларна а, царех лаьцна хаамаш гулбарна а лерира.
Ратиани Мзия йина 1962-чу шеран кхолламан беттан 26-чохь Батуми гIалахь. 1979-чу шарахь цо чекхйаьккхина Тбилиси гIалара ишкол. Ратиани Мзияс болх бина заводера комсомолан райкомехь кадрови декъан куьйгалхочун даржехь. 1986-чу шарахь иза деша хIоьттира Рига гIалин 4-чу медицински колледже. Ратиани Мзияс болх бина ЛССР-ан Могашалла Iалашйаран министерствон 4-чу урхаллин 2-чу больницехь. 1989-чу шарахь дуьйна цо белхаш бина Гуьржийн мехкан медицински хьукматашкахь. Гуьржишна а, абхазашна а юкъахь тIом хиллачу хенахь цо болх бина Гори гIалара госпиталехь. 1996-2000-чу шерашкахь цо болх бина Тбилиси гIалара кардиологически клиникехь. 2001-чу шарахь дуьйна иза юкъараллин болх беш йу. 2015-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш йу дас йолийна роман чекхйаккхарна тIехь.
Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а «Кавказан баххьаш» цIе йолчу романах лаьцна
Вайн тидаме йалийна йу гуьржийн йаздархойн Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а хIинца а чекхйаккханза, оьрсийн маттера роман (Горцы) нохчийн матте гочйина йолу «Кавказан баххьаш» цIе тиллина йолу роман. Кху романехь дуьххьара нийса мах хадийна кхузахь йуьйцучу заманан хиламийн. Исбаьхьа хаза, цхьа шатайпа нийса довзийтина халкълахь обаргаш олуш хиллачу Кавказан турпалхойн васташ.
XX-чу бIешеран йуьххьехь Паччахьан Россехь обаргалла чIогIа даьржина дара, обаргех лаьцначу дийцарийн хьокъехь Россин интеллигенцина хетарг тайп-тайпана дара. Дукха хьолахь обаргаш Iедална дуьхьал бевлла зуламхой лорура, ткъа бахархошна уьш халкъан чIирхой хетара. Обаргех йуьзна йара йерриге а Кавказ. Уьш массанхьа а бара: Гуьржехь, Азербайджанехь, Дагестанехь, Нохчийчоьхь, ГIалгIайчохь, ХIирийчохь, ГIебартахь, Балкхарехь, Кхарачахь, Адыгеяхь. Паччахьан заманахь шен цIейаххана йевзаш йолчу «Кавказ а, Поволжье а» цIе йолчу книгахь Цаликов Ахьмада йаздо обаргех лаьцна.
Къардинчу къаьмнашца Паччахьан Iедалан йолу мостагIаллин йукъаметттигаша а, халкъашна тIехь цу Iедало латточу къизаллас а ца бевлла Iазапхошна дуьхьал гIиттабора обаргаш. Муха дагадогIур дац нохчийн халкъан турпалхочо Шерипов Асланбека Кавказан ламанхойн а, Паччахьан Iедалан а йукъаметтигийн хьокъехь аьлларг: «Iедало кхерийна къам, ткъа Iедал кхерийна обаргаша». ХIунда кхолладелла ишта хьал? Ма-дарра аьлча, Кавказехь Паччахьан администрацис кхоьллина йолчу урхаллин системас тидаме оьцура къарбала ца туьгучу ламанхойн ламасташ, Iадаташ, дин, ткъа церан дахаре болу хьежамаш къаьсташ хуьлура Iедалан хьежамашца.
Советан Iедалан муьрехь Кавказан обаргех лаьцна дукха йаздархоша йаздина. Иштта, 1930-чу шарахь хIирийчо Гатуев Дзахос зорбане йаьккхина «Зеламха» цIе йолу документальни повесть. Иза цо кхоьллинера Ленинградан, Москван, Соьлжа-ГIалин, архивашкара Iаламат дукха кехаташ толлуш, Зеламха вевзаш хиллачу нахаца цхьаьнакхетарш дIахьош. 1938-чу шарахь кхарачойн къомера волчу Хубиев Османа йазйина «Обарг» цIе йолу повесть, 1957-чу шарахь адыга Керашев Тембота зорбане йаьккхина иштта «Обарг» цIе йолу шен повесть», 1978-чу шарахь зорбане йаьлла гIебарточун Шортанов Аскербин «Ламанхой» цIе йолу роман, 198I-чу шарахь Мамакаев Мохьмада йазйина «Зеламха» цIе йолу роман.
Читать дальше