И хаам хезна Виктор макхвелла корта а оллийна лаьттара. Цу сарахь Руслане къамел дира цо:
– Русик, тахана массо а дIавижначул тIаьхьа, пурба доцуш, кху тIеман декъан хьаьрмара аравер ву со. Масех де даьлча со карор ву, ткъа хIетахь йа набахте йа, дисбате вохуьйтур ву со… ишта ду-кх гIуллакхаш.
– Витек, хьо галваьлла? Хьо хIун дуьйцуш ву?
– Афганистане со гIур вац хьуна! БархI бутт хьалха нана йелла сан, цундела отпуске ваханера со. Карарчу хенахь хIусамнана Лена йоцург кхин дуьнен чохь гергара а, уллора а стаг вац сан. Бераллехь дуьйна даима цхьаьна хилла ду тхойшиъ Леница. ХIинца иза доьзалхочух йу. Цхьа бутт баьлча бер дан дезаш йу Лена. Эскарехь ас баккха биссинарг пхи бутт бен бац. Афгане со дIаводахь, дийна вуьссий ца хаьа, тIаккха Лена ша йуьссур йу бераца. Лена ишта а ду буобер. Лени ши шо долуш веллера цуьнан да, ткъа нана со эскаре дIавахале, цундела…
– Собар дехьа, Витек, кхетта со… – йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана. – Ца оьшу кхин дийца а. – масех минотана ойланашка вахара Руслан.
– Делан лаамца нисделла хир ду хIара хьал ишта. – ойла йира Руслана. Кху масех баттахь ша чIогIа бехке хетара Русланна Воронине ладоьгIна, Афгане ца вахарна. Нагахь санна цигахь дийна виссахь, Даймахкана а, накъосташна а хьалхара декхара ша текхна ваьлла хетар ду цунна, хIунда аьлча цигахь леш болу къона, доьналла долу нохчийн а, оьрсийн а кIентий Русланал эшна ма бацара.
Русланна дагадеара шен классехь дешна хиллачу Горелова Юлера ахшо хьалха шега кхаьчна хилла кехат. ЙоьIа дуьйцура Афганистанехь шен тIехьийза кIант Ковтун Игорь вийна бохуш. Игорь Русланан доттагIа вара. ВорхI шо кхаьчначу хенахь дуьйна боксехула цхьаьна тренерана тIе лелаш вара и шиъ. Бакъ дерг аьлча Русланна-м хазахийтира Ченцов Афгане ваха лууш ца хиларна. Кхунна дика аьтто бара иза шен лаам кхочушбан.
– Витек, хьо соьх тешаш ма ву вуй? – Ченцовс ойла ца йеш ву аьлла корта таIийра. – Ас хIинца цхьа хIума эр ду хьоьга. Къамелана йукъа ца лелхаш соьга ладогIа, ткъа йуха ас аьллачунна реза а хила. Дика дуй? – Витека йуха а реза хуьлуш корта таIийра.
– Ас чIогIа сатийсинера Афгане кхача, амма сан аьтто ца баьллера. Хьоьгара хьолах со чIогIа дика кхета. Доцца аьлча суна оьшу Афган, ткъа хьуна ца оьшу. Ши де бен дац диссинарг. Аса ша дерриге а сайна тIелоцу хьуна. Ахь цхьаьнга а хIумма а ма ала. Вайшинна дагадеанарг гучудалахь, со вайн командира вохуьйтур вац цига. Новкъабовлучу дийнахь бен хаьа йиш йац иза царна.
ШолгIачу Iуьйранна Руслан, сих ца луш штабе вахара. Гундаревн кабинетана хьалха дIахIоьттина шена тIера духар а нисдина, чолхечу къамел хир ду хууш, доккха са даьккхина, неI туьйхира цо.
– Марша вогIийла, старшина Дадиев. ХIун дахьаш веана хьо? – велакъажарца вистхилира Гундарев.
– Товарищ подполковник, со чIогIа лазаме гIуллакх дохьуш веана хьуна тIе.
Гундаревс гIант долчу агIор куьйг хьажийра, Руслане охьахаа бохуш.
– Товарищ подполковник, ши де даьлча, тхан ротера итт стаг Афганистане дIахьажош ву.
– Хьо вац моьтту суна цига воьдуш.
– Вац. Иза ду-кх доьхнарг.
– Доьхнарг? – Гундарев цецваьлла хьоьжура Руслане.
– ХIунда боху ахь ишта?
– Накъост подполковник, суна чIогIа лаьа цига ваха.
– Афганистане ваха лаьа хьуна? Стенна оьшу хьуна иза? Ахь эскарехь баккха биссинарг пхи бутт бен ма бац.
– Хаьа суна, накъост подполковник… хьо кхето хала ду суна, амма… доцца аьлча со ву-кх цига ваха везаш. Цига дIахьажош Ченцов вара, амма Ченцовна мегар дац цига ваха, ткъа суна мегар ду. Хьоьх доьзна дукха хIума ма ду. Жоп лохьа сан дехарна. Капитан Гончаровс шен ницкъ кхочург дийр ду со цига ца вахийта, цундела накъост подполковник, ас чIогIа доьху хьоьга, гIо дехьа суна Афгане кхача. Гундарев меллаша хьалагIаьттира, ткъа цунна тIаьхье, нохчийн гIиллакх лардеш Руслан а.
– Руслан! – Гундаревс дас кIант санна шатайпа йовхонца маравоьллира Руслан. Сан бералла чIогIа хала а, чолхе а, къиза а хилла. Ас хьоьга дийцинера да-нана доцуш, берийн цIийнахь со кхиъна хиларах. Дахарехь сан харжам бара – берийн цIийнан дукхох болу арахецархой санна зуламхо хила йа, адам хила. Ас адамаллин некъ хаьржира, цундела суна хIора а стагехь коьртаниг адамалла хета. ХIинца ахь соьца диначу къамеле ладоьгIча, ма чIогIа халахета суна хьо сайн кIант воцуш. Оццул хьо лоруш, хьоьца иштта йоккха дегайовхо йолчу аса сайн ма-хуьллу новкъарло йан йезара, хьо цу жоьжахате ца кхачийта, амма суна хаьа адамаллин сирлачу лехамаша ваьккхина со цу новкъа – хьуна оьшуш йац и Афганистан, со кхетта хьо Ченцовн дуьхьа цига воьдуш хилар. Суна ца хаьа хIун бахьана долуш Ченцовна мегар дац цига ваха, амма ахь бохуш хилча, со тешан цуьнан дахарехь цига ваха мегар доцу хьелаш кхолладелла хиларах. РогIера тоьшалла дина ахь суна, хьайн кийрахь адамаллех дуьзна, сирла дог хиларан. Ас вохуьйтур ву хьо Афганистане. Со тешна а хир ву хьо цигара могуш-маьрша цIа воьрзур ву аьлла…
Читать дальше