Хинци вайн декъар доккху маь1ни долу сацамаш чекхбаккхар сихонца Нохчийнчохь долчу къинхьегаман халкъана юккъера латинин йозу ца хаар д1а даккхар ду.
1арбийн йозунан эшамаш х1ун бу х1окху т1ехь гойту. Вайна хууш ду 1арбийн йозу латиничунна хьалха дуккха а оьшуш хилар, и дуккху а латинин чул т1аьхьа дисана хилар. Амма, тоххура дин-ислам дуьххьар долочу заманчохь цуьнан маь1на доккху а хилла и иштта ца хилла ала йиш йоцуш стаг а вац. Малх балехь долчу къаьмниша дуьххьира серлонан кхуллуш долачу хенахь, царна цу т1ехь дикка г1о дина цо. Иза иштта дац бахар ца кхетар ду. Амма, т1аьхьа малхбалехь болчу нехан серло а, экономика а т1аьхьа йисан йолайелчи, Европехь капитализм алсам йалан йолайелчи, малхбалехь болу нах дуккху бацош, дин-ислам а, цо даьккхана абат а д1а йолчу заманчохь цу меттерачу халкъан серло-1илма, экономика а алсам даларна дуьхьило, новкъарло ян дуьладелира. Капитализм алсам ялан йола йелчхьана 1арбийн йозу а, дин-ислам а малхбалехь долу къинхьегаман халкъ дацаран герз хилла д1а хоьттара, и халкъ кхин серлонга а ца долийтуш, я цунна юккъера ца хаар д1а а ца доккхийтуш. Цу тайпана 1арбийн йозу хуун нах сов к1езиг бара, кортошна бен иза хууш дацара (йоккхучу юртахь цхьаъ я шиъ молл). 1арбийн йозу вайн Нохчичохь динан йозу хилла, кхечу г1уллукхашна пайдехь доцуш, д1а хоьттара. И йозу ша дукху а лаьттара (1300 шо). Октябран революци а хилла, советан пачхьалкх хьакъ – елла д1а хоттичи а (1926) дара и йозу вайн Нохчичохь. Амма, бакъ ду, Октябран революци хиллачул т1аьхьа-м хоттара къаьмнишна юккъура и йозу д1а даккхаран дош, цул хьалха цуьнин хоттар йиш а яцара.
Советан 1едало къаьмнашна цхьа а шайна ца йайначу тайпана, я капитализм йолчу метташкахь цхьа а ца гун йолчу тайпана яккхин бакъонаш еллера. Церин бакъо хилара шайн автономин область хилан а, шайн мотт, йозу хилан а.
Массо а къаьмнийн областешкахь а, республикашкахь а болчу къинхьегамхойн а, партин а советан а организацин ойланаш т1е йолаелира латинин йозунна, и йозу массо а къаьмнин юккъура хиларна. Т1аьххьара а церин лаамашца даьккханера и дош къасто суьйрачу халкъана юккъе, церин ламанашца къастина унификаци йина (схьана куьце дерзийна) йозу т1е а эцна. Латинин йозунна 1925-1926-чу шерашкахь ма-ярра хинци унификацина а ю еш дуьхьилонаш – уьш классан мостаг1ин лаамаш бу. Вайн мог1унашкахь а, арахь а цу тайпана йолчу ойланашца буьрсин къийсам латтон беза, цхьа а юккъура ца волитуш. Кху йозунах лаьцна хилла болу къийсамаш шен хенахь газетан аг1онаш т1ехь хилла бу. Хинца газетан декхар ду унификаци йинчу интернационалан абатана дуьхьил болчушца къийсам латтабар.
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «ЛитРес».
Прочитайте эту книгу целиком, на ЛитРес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.