И харцо йешча кхета мегар ду Виноградовна хьалха нохчийн истори бехйан, цуьнан сийлаллин зIаьнарш гуттаренна а йайа хIоттийна билггал Iалашо хиллий. Советски Союза хIетахь барам боцуш къа хьоьгура ламанхой тешо ша гIерташ шаьш царна цивилизаци а, культура а йеана бохучу ойланах. Амма ламанхоша цу «цивилизацих» муха махбелла а вайна хууш ду.
Политически раж хийцайелла йоллушшехь, цу пачхьалкхан нохчашца болу имперски хьежамаш кхин хийца ца белира. Советан Iедалан сацам хилира нохчийн йукъаралла социальни уггаре а лахарчу тIегIане йаьккха, цуьнан къоман кхетам, Iадат, ламаст хIаллак дина дIадаккха, тIекхуьу чкъор тешо шен къам бух болуш ца хиларах, ткъа Iедална муьтIахь хилчхьана кхин дахарехь Iалашо йоцучу Виноградовс хIуммаъ хало ца йеш йаздора шен харц жайнаш.
Ша сийлахь воккха историк а, кавказовед а хеташ волу Виноградов ма-дарра аьлча, Iедало ловзош йолу тайниг йара, ткъа цуьнан йозанаш хIинца вайна ма-хаъара доь доцуш дайна, ткъа Кавказан историн а, Iаламан а, син-оьздангаллин а сийлалла дуьненнна а йевзаш йу.
Виноградов Iедало ловзош вара. Цунна хьалха хIоттийна коьрта Iалашо йара колхозехь болх бан бен кхин карах дер доцу, Iилманна тIера воцучу акха нохчочун васт кхоллар.
Ткъа Iедалан культурин ирхенашка кхача нохчо йа Делах, динах ваьлла хила везара йа, оьрсий зуда йигна хила везара. Йоккха программа йара чухецна нохчийн кхиамаш къайлабаха Iалашонца. Ткъа иза кхочуш йар долийнера 30-чу шерашкахь дуьйна. Къаьсттина хIетахь кога хIотта ца йуьтуш, лестош йара нохчийн интеллигенци. Цуьнан къеггина масала ду Нохч-ГIалгIайчоьнан йаздархойн Союзан болх. Союзан шийтта декъашхочунна юкъара иссанна хан тоьхнера, ворхI Сибрех хьажийнера, виъ тоьпаш тоьхна вийнера. Нохчийн культурин а, Iилманан а гучудаьлла мел жима зIийдиг а Iедалан къизачу херхо дIахьокхуш дара.
Ткъа Соьлжа-ГIала-м Советски Союзан гIала санна хаза кхууьш йара, и йоккха пачхьалкха шен сурсаташца йузор цо цхьаьна денна сацийна а дацара.
Нохчийн хIаллак йиначу интелллигенцин кхин цхьа тоьшалла ду – Цебиев Ахьмад – нохчийн Iилманан дIабайна малх, дуьненахь а вевзаш хилла физик.
Цуьнан цIе къиза къолам хьаькхна йайинера Советан Iедало, ткъа цо мел бина Iилманан болх, цуьнан мел хилла кхиам цуьнан накъосташна дIабеллера. «Явление генерации СВЧ – колебаний полупроводниковым диодом с одним p-n—переходом» – цу Iилманан хиламах хIинца а жигара пайда оьцу зIенийн гIирсаш кхолларехь а, вайна массарна а йевзаш йолу мобильни телефонаш йарехь а.
Карарчу хенахь, нохчашна шайна а ца хаьа шен йист йоцучу аьттонашца вай цец дийхина ца йолу мобильни телефон кхолларехь шайн махкахочун Цебиев Ахьмадан хааршах пайда эцна хиллий.
Ткъа Iамаьркара а, Японера а, кхин болчу мехкашкара а тоьллачу электронни фирмаша цу Iилманан хиламан буха тIехь хIинца а керланиг гучудоккху зIенан гIирсаш кхолларехь а, царех пайда эцарехь а.
Цебиевс кхоъ Iилманан керла хилам гучубаьккхина, радиоэлектроникин а, шуьйрачу радио зIенан а декъехь ткъе йалх говзар йина, иштта диллина а, къевлина а зорбане баьлла цуьнан шовзткъе итт Iилманан болх.
Амма цуьнан сел боккха а, къеггина а болу и кхиам йукъара хилира, ткъа Ленинан лаккхара совгIат цо болх биначу лабораторехь массарна а кхечира, Цебиев виссалц.
Иштта дара Советски Нохчийчуьра культурни-исторически хьал.
Нагахь санна, экономикин кхиар цу боларехь диссинехь, коммунисташа йуьйцуш йолу социальни архитектурас цхьа хийцамаш хилийта а мегар.
ХIетахь Советски Союз эскарца а, космосехь болчу кхиамашца а Вовшахтоьхначу Iамаьркан штаташца къиссалуш йара. И къовсам бахьана долуш экономика а тишлуш лаьттара.
Советски Союза инзаре дукха ахча дара дойуш шен эскарна, ткъа политически аппарат лелорна а йоккха харж йезара.
Социализмана йеш йолчу пропагандас кIезиг пайда бохьура: центральни правительствос бахархошна кховдош долу хьашташ цIиндар хIинца а кIезиг дара.
Бюрократис ницкъ бина йолу экономикин машена сецош йара инвестициш а, ткъа оьрсийн а, оьрсий боцучеран а йукъаметтигаш а меллаша йуха а йухуш йара.
Экономически а, политически ирхенашкара керла йукхадовларан хьокъехь къаьсттина чIогIа нохчаша шайн дагара хаийтира динан ламасташка берзарца: 1970-чу шерашкахь республикехь жигара болх бан буьйлабелира къаной. Цара къа хьоьгура шайн къоман исторически а, культурни баххаш лардарна тIехь. Цара беш болу болх бахьана долуш, церан дийна иэс хиларна аьтто белира нохчийн къоман син-оьздангалла а, кхетам а ларба.
Читать дальше