Советски Союзан цхьа кема дацара стигла айлуш нохчийн мехкдаьттанах кечдина авиационни даьтта ца хилча, хIунда аьлча кхин йолчу регионашкара мехкдаьттанах деш долу даьттанаш ишта лаккхара кхачалла йолуш дацара.
1939-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанан заводехь дIахIоттийна хиллачу даьтта даккхаран гIирсах Сталина ворхI тонн цIена деши деллера. Цу гIирсо шен болх Советан Iедал доххалц шина сахьтана а сацийна бацара.
Нагахь санна ларамза а, цуьнан болх галбаьллехь, Советски Союзан мехкдаьттан промышленностан министр масех сахьт далале Соьлжа-ГIала кхочура, хIунда аьлча цу гIирсан болх сацар СССР-н барамехь чолхе бохам ларалуш бара.
Цу гIирсах пайда а оьцуш, нохчийн мехкдаьттанах доккхуш хилла и авиационни даьттанаш массо а союзни республикашка дIакхачош а дара, иштта Варшавски бартан а, кхин болчу а мехкашка духкуш а дара.
Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанах доккхуш долу парафин уггаре а цIена сурсат лоруш дара, цундела иза килсан чIурамаш дан Ватикане дIакхачош дара. Мехкдаьттанан ниIматах Соьлжа-ГIала йуьзначу хенахь, нохчий-м геначу Сибрех, хьацарца а, цIийца бепиган цостар эца рицкъа доккхуш бара. СССР йоьхначул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн хьаьрмахь хилла Советан Эскар ша арадолуш, диц ца делира даьтта доккхуш хилла гIирс эккхийта. Къаьсттина билгалдаккха деза, и гIирс лаьтташ хиллачу мехкдаьттанан хьаьрма ког баккха йиш йацара цхьаьна а нохчочун а, гIалгIачун а. Вай хьалха билгал ма даккхара, царех цхьа а цигахь кертара нехаш дIайаха а балха оьцуш а вацара.
ХIинцалц жима хилла Соьлжа-ГIала, шо шаре мел долу шорлуш йара. 1939-чу шарахь 172 000 хилла бахархойн терахь 1979-чу шаре 340 000 эзаре хьаладаьллера, ткъа йуха а нохчий цу бахархошна йукъахь уггаре а кIезиг бара.
Корматаллин хаарш долу белхан ницкъаш тIеберзо а, нохчашна а, оьрсийшна а йукъара интеграци ларъйан а Iалашонца центральни правительствос ахчанца кхачо йира ишколийн а, колледжийн а гIишлош йан, цундела 1960-чу шарахь республикин аьтто белира дешаран тIегIа айда.
[18] 1969-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь 228 000 дешархо волуш 569 юккъера ишкол а яра, иштта 289 лерина ишкол а яра 15 000 меттигана, шиъ университет а яра, ткъа царех цхьаъ мехкдаьттан промышленностан говзанчаш кхиош йолу Соьлжа-ГIалин мехкдаьттан институт яра.
.
Культурни дахар а дара промышленни долчуьнца цхьаьнаэшшара кхиам болуш доьдуш: 1970-чу шарахь кхузахь 484 библиотека а, 400 оьздангаллин кхерч а, 300 кинотеатр а, кхоъ корматаллин театральни училище а, исбаьхьаллин шиъ ишкол а, мукъамийн ишкол а йара. Зорбане долучу деа газета а, шина литературни журнала а хIора дийнахь арахоьцура миллион гергга экземпляр, ткъа меттигера телестанцис хIора дийнахь бахархошна керланаш довзуьйтура. Нохчийн хьал хIетахь мелла а хьалха хиллачуьнца дустича дикачу агIор хийцаделла хеталуш дара. Церан аьтто бара политически дахарехь а, пачхьалкхан куьйгаллехь а дакъа лаца.
1970-чу шерашкахь меттигера советашкахь 50% депутат а, иштта 19% куьйгалхо вайнехах вара.
Йуьхьанцара ойла йича, иза башха доккха терахь дацара, амма итт шо хьалха и гайтам 2% а ца кхочура.
1973-чу шарахь дуьххьара оьрсий ца хаьржира Лаккхарчу Советан куьйгалле.
[19] Иза вара 1973-чу шеран хьаьттан беттан 28-чохь хаьржина волу гIалгIа Боков Хьажбикар. Иза оцу даржехь вара 1990-г1а шо кхаччалц. Цуьнан метта нохчо Завгаев Дока хIоттийнера.
Хеталора, Нохчийчуьра къаьмнаш машаре кхаьчна. Амма цу социальни синтеман хьал башха тешам болуш дацара, хIунда аьлча нохчашна хIинца а диц ца деллера шаьш махкаха дахар. Иза хуучу Советан Iедала йуха а шен мекаралла гайтира. Цунна лиира нохчийн-оьрсийн тIаьхьарчу бIешеран истори орамца хийца.
Нохчийн истори йухайазйаран мукъ карабеллера профессорна Виноградов Виталийна. Цо кхоьллира «Нохчийчоь шен лаамехь СССР-ана йукъайахар» цIе йолу харц исторически болх.
Виноградовс дийцарехь, Россис шен син-оьздангаллин кхачалла лекха хиларца ломара акха къаьмнашна цивилизаци йовзийтинера.
И ойла вуно тамашийна йара, хIунда аьлча дерриге а маьлхаг дуьне теш дара кавказхоша бIешерашца латтийначу къиссаман. Цул совнаха, Росси коча ца йеънехь, уьш шайн пачхьалкха а йолуш маьрша бехаш бара. Цундела профессорас дуьйцучох нохчийн Iилманчаш тешо КГБ-н гIо ийшира. Иза гIоьнна йеъча, нохчийн Iилманчаш а цу харцонах ца бевлла тешнера.
Цуьнан харц йозанаша дуьйцура йа Кавказан тIом а ца хилла, йа ламанхоша шайн маршо а ца къиссина. ХIетахь хилларг иза Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Чергизойн а акха ламанхоша деш долу къолаанаш сацо гIерташ, царна цивилизацин баххаш довзо гIерташ Россис къахьегар ду.
Читать дальше