Хьусайн Шовхалов - Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ

Здесь есть возможность читать онлайн «Хьусайн Шовхалов - Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ» — ознакомительный отрывок электронной книги совершенно бесплатно, а после прочтения отрывка купить полную версию. В некоторых случаях можно слушать аудио, скачать через торрент в формате fb2 и присутствует краткое содержание. ISBN: , Жанр: russian_contemporary, на русском языке. Описание произведения, (предисловие) а так же отзывы посетителей доступны на портале библиотеки ЛибКат.

Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ: краткое содержание, описание и аннотация

Предлагаем к чтению аннотацию, описание, краткое содержание или предисловие (зависит от того, что написал сам автор книги «Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ»). Если вы не нашли необходимую информацию о книге — напишите в комментариях, мы постараемся отыскать её.

– Самукъане доца дийцарш.– Хаза чулацам болуш ду.– Баккхийчарна а, кегийчарна а дог1уш ду.– Кху дийцарш хьекъал а, кхетам а ло.– Кхара хьекъалан мах бовзуьйту.– Ойла я 1ама во.

Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ — читать онлайн ознакомительный отрывок

Ниже представлен текст книги, разбитый по страницам. Система сохранения места последней прочитанной страницы, позволяет с удобством читать онлайн бесплатно книгу «Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ», без необходимости каждый раз заново искать на чём Вы остановились. Поставьте закладку, и сможете в любой момент перейти на страницу, на которой закончили чтение.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

– Ма хаза бу-кх бутт!

Цо и олуш хезначу стага элира:

– Дер бу-кх, къаьсттина буьйсана хазо бу иза.

13. Цхьана стагана бераша делла аьрзу ( 3 3 – Орёл )ловзош гинера. Цо иза цаьргара соьмах эца а эцна ц1а даьхьира. Ц1ахь цуьнан нанас хаьттира цуьнга:

– Делла аьрзу х1унда эцна ахь, х1ун дан воллу хьо цунах?

К1анта элира:

– Ахь х1ун дуьйцу? Х1ара дийна делахьара б1е соьмах эцалур дацара хьоьга.

14. Цхьа стаг хьаж дан Макка ваха араваьлла хилла. Цуьнан 1одика еш цуьнан к1анта аьлла цуьнга:

– Дукха хье ма лолахь ц1а ца вог1уш. Хьайн ницкъ кхачахь г1урбан дийнахь ц1ахь хила хьажалахь г1урбан урс хьокхуш ( 4 4 – Г1урбан дийнахь хьаж чекхдалаза хуьлу, г1урбан дийнахь хьаж деш верг Маккахь хила везаш ву. ).

15. Цхьана стага аьлла:

– Шина куьйга т1е охьавоьжна ши куьг бехдина ас. Аса и шиъ эзарза дилча а, и шиъ ц1анлур ма дац, аса шозза диллалц.

16. Цхьана стага б1ар кагдича, б1аран чкъуьйриг кхоссаелла д1аяхна. Цо элира:

– Ла ила́х1а иллалло́х1, ма доккха х1ума ду-кх, х1ор х1ума 1ожаллех йоду-кх, чохь са доцург а.

17. К1ант веана хилла карахь котаман к1орни дохьуш:

– Хьовсийша кху к1орнига, шен ненах ма тера ду х1ара!

Цул т1аьхьа юха элира цо:

– Цуьнан нана сте ю те, я боьрша ю те?

18. Цхьана стеган нана д1аяьлла, цуьнга кадам беш гулбелла нах хилла.

Царна т1евеара цхьа стаг вела а воьлуш, самукъадаьлла. Наха цунах цецбевлла хаьттира цуьнга:

– Ахь х1ун леладо, хьан стенах самукъадаьлла?

Стага элира:

– Суна д1аваьлларг х1ара ( 5 5 – Еллачу зудчуьнан к1ант )ву аьлла хезнера, ткъа кхуза схьакхаьчча х1ара воцийла хиъча самукъаделира сан.

19. Цхьана стага аьлла:

– Тхан тхов т1ехь дахк бара тхуна новкъарло еш. Цхьана стага молха дийцира соьга цунна дуьхьал. Аса и молх тесначул т1аьхьа дехкан «къурд» хезна дац тхо, – элира цо, «г1овг1а» ала воьлла.

20. Цхьамма аьллера:

– Селхана х1аваъ шийла дара вайна, делахь а суна-м хаа ца делира иза.

21. Цхьа стаг хилла Багдади ( 6 6 – Иракера г1ала )веана, т1аккха ц1ахь волчу шен дега кехат яздинера цо ша дика д1акхаьчна аьлла. Т1аккха и кехат ше дега д1акхачо цхьа кара ца вина, и кехат эцна ша шен да волче веана цо цуьнга элира:

– Соьгара хьуна хабар д1акхачо цхьа кара ца вира суна, ткъа сайгара хабар хьуна хье ца далийта, айса схьадеана ас хьуна айса хьоьга яздина кехат, – аьлла, шен дега ша яздина кехат д1аделира цо.

22. Вовше дов даьлла цхьана шина стеган. Т1аккха и шиъ къедана т1евахна шаьшшинах бакъ-харц верг къаставайта. Къедас цушинна юкъахь дерг шега къаста ца делча, шинне а туьйхира, т1аккха элира:

– Далла бу хастам, шуьшиннех зуламе верг соьх ца валийтарна.

23. Цхьа стаг базарахь шен к1антаца шайна езачу х1уманна т1енисвелча, йохкархочуьнга мах хаьттина. Цо жоп делла:

– Цхьаннах цхьа сом доккху, – аьлла.

Цу стага аьлла:

– Х1ан-х1а! Из дукха ду.

– Аса цу мехах юхкуш ю иза.

– Ас кхаъ соьмех шиъ оьцур ю хьоьгара.

– Дика ду, д1аэца.

Т1аккха цу стага ше к1анте элира:

– Х1ай, к1ант! Д1алол цунна кхо сом, иштта йораг1о ю иза вайшинна.

24. Цхьана куьйгалхочо шен к1ант 1едалан коьрте х1оттийнера цхьана г1алахь.

Цхьана дийнахь цуьнга шен дегара кехат деанера, т1аккха кехат шегахь долуш иза нахе вистхилира:

– Х1ара кехат вай куьйгалхочуьнгара ду, иза валла́х1и вай шена муьт1ахь хила хьакъ долуш ву, иза сан да а ву, иза сол воккха а ву.

25. Цхьана куьйгалхочо шен к1ант 1едалан балх х1оттийнера. Цо дуьйцу:

– Буьйсана цхьана боккхачу балхана бен стаг ца вог1учу хенахь, сан дас стаг ваийтира соьга ша волче кхойкхуш. «Паччахьера кехат деана хир ду-кх, со хила везаш волчу цхьана г1уллакхех лаьцна,» – аьлла дагадеара суна.

Сайна т1е х1уманаш йоьхна, говра хиъна сайн да волчу х1усаме вахара со.

Со д1акхаьчча, сайн ден г1оьнчашка хаьттира аса:

– Паччахьера кехат-м ца деъна?

– Ца деъна, – элира цара.

Со сайн да волчу д1акхаьчча чувола элира цо соьга. Чувахча, суна сайн да меттахь вижина 1уьллуш карийра. Цо элира:

– Х1ай, сан к1ант, кху ерриг буьйсана цхьана х1уманан ойла еш кху сахьте ваьлла со.

– Дала 1алаш войла хьо, х1ун х1ума ду иза? – хаьттира аса.

– Аса сатеснера Дала соьх хьурул-1ийн ( 7 7 – Ялсмани чохь божаршна хин болу зударий )йина, ялсамани чохь со Юсуф Пайхамаран (1алайхи сала́м) х1усамнана хилийтар, цуьнан ойла еш кху сахьте ваьлла со.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, на ЛитРес.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Похожие книги на «Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ»

Представляем Вашему вниманию похожие книги на «Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ» списком для выбора. Мы отобрали схожую по названию и смыслу литературу в надежде предоставить читателям больше вариантов отыскать новые, интересные, ещё непрочитанные произведения.


Отзывы о книге «Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ»

Обсуждение, отзывы о книге «Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ» и просто собственные мнения читателей. Оставьте ваши комментарии, напишите, что Вы думаете о произведении, его смысле или главных героях. Укажите что конкретно понравилось, а что нет, и почему Вы так считаете.

x