Ткъа ахь мел мах хадийна хьайна езаш йолчу ялсаманин?
Мел бу ахь ялсаманих луш болу мах?
Хьуна ялсамани мел езаре хьаьжжина хир бу цуьнан дуьхьа ахь луш болу мах, хьан цуьнга йолчу шовкъе хьаьжжина хир ду ялсамани дуьхьа ахьа хьоьгу къа. Ялсамани яккха хьоьгуш долу къа – и бу-кх ахь х1оттийна мах.
Цундела, ваьшна ялсамани мел ч1ог1а оьшу хаа деза вайна. Мел дукха дуьненахь дахахь а, даима а хир долчу эхарте д1адаха деза вай. Ткъа эхартахь ши ц1а бен дац: ялсамани (Дала лойла вайна иза), жоьжахати (Дала лардойла вай цунах). Ткъа вай цу шиннах цхьанна чу даха дезаш ду. Вай кху дуьненахь дуьсур ца хилча, эхарте д1адаха дезаш хилча, эхартан мелла а сов ойла ян ца еза вай? Цундела, вай кху дуьненахь ца дуьсуш эхарте д1адаха (кхача) дезаш хилча, цуьнан ойла мелла а сов ян ца еза вай?
Ялсамани кхачархьама къахьега ца деза вай т1аккха?
Кху дуьненахь ма хьоьгу вай къа, х1ара дуьне даккха г1ерташ. Дуьненахь вехаш волчу стага дуьне лаха дезаш ду бах бусалбачу дино. Дуьне дита ца боху шарий1ато. Эхартан дуьхьа а къахьега боху Дала вайга, дуьненан мах д1абаларе терра ялсаманин мах а д1ало боху.
Цундела айхьа ялсаманин дуьхьа луш болу мах мел бу хьажа. Хьо мел сов ваьлла хьажа мелехь йолчу 1амалехь? Къуръан деша х1унда ца 1амадо ахь? Суннат 1амалш х1унда ца ларйо ахь? Баттахь цхаъ кхаьбна а мелана марха х1унда ца кхобу ахь? Къезиг х1ума делла а, сих-сиха саг1а дала х1унда ца хьожу хьо? Цхьана дашца аьлча, айха ялсманина х1оттийна мах мел бу ойла е?
Ойла е, ойла е…
ВАЙЛ ХЬАЛХА БАЬХНАЧАРА ЯЛСАМАНИГА САТИЙСАР
Олуш ду: « Стеган мах цуьнан къамелаца ца хадош, цуьнан леларца хадабе».
Ткъа иза нийса а ду. Къамел хьаьнгга а дало, хала дац иза, амма лело дезарг хьаьнга а ца лелало. Леларо гойту стеган даг чохь дерг. Тахана вай массара а олу «ялсамани еза суна» , амма цуьнан дуьхьа къахьегар г1ийла ду вайн.
Вайл хьалха баьхначарна ялсамани муха езаш хилла хьовсур ду вай, т1аккха царна а, вайна а юкъахь йолу башхаллаш евзар ю вайн.
Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Робий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу: «Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчехь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг». Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар». Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха». Аса элира: «Иза доьху ас». Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де дуккха а сужданаш деш
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «ЛитРес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.
– Ялсмани чохь.
– Х1айсамий: 10,400.
– Ялсамани чохь.
– Ро1д, аят:35.
– Ялсамани чу боьлхучаьрга.
– Зухруф, аят:72.
– Тирмийзий, 2450.