ХЬУСАЙН ШОВХАЛОВ - КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА

Здесь есть возможность читать онлайн «ХЬУСАЙН ШОВХАЛОВ - КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА» — ознакомительный отрывок электронной книги совершенно бесплатно, а после прочтения отрывка купить полную версию. В некоторых случаях можно слушать аудио, скачать через торрент в формате fb2 и присутствует краткое содержание. ISBN: , Жанр: russian_contemporary, на русском языке. Описание произведения, (предисловие) а так же отзывы посетителей доступны на портале библиотеки ЛибКат.

КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА: краткое содержание, описание и аннотация

Предлагаем к чтению аннотацию, описание, краткое содержание или предисловие (зависит от того, что написал сам автор книги «КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА»). Если вы не нашли необходимую информацию о книге — напишите в комментариях, мы постараемся отыскать её.

– Къуръан дешар йоккха сийлалла ю— Къуръан дешарх йоккха ял хуьлу— Къуръан доьшуш верг Аллах1ана герга вахна ву— Къуръан дешар доккха ирс ду— Къуръан доьшуш верг лаккхарчу даржехь хира ву— Къуръане ладохаран йоккха ял ю— Къуръанах лаьцна хаза дийцарш

КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА — читать онлайн ознакомительный отрывок

Ниже представлен текст книги, разбитый по страницам. Система сохранения места последней прочитанной страницы, позволяет с удобством читать онлайн бесплатно книгу «КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА», без необходимости каждый раз заново искать на чём Вы остановились. Поставьте закладку, и сможете в любой момент перейти на страницу, на которой закончили чтение.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать
Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн 14/01/2020

МИЛЛИОНЕР

Къуръан Аллах1ан къамел ду. Ткъа Аллах1ан къамел уггаре деза а, дика а, хаза а, маттана мерза а ду. Делан Къуръан доьшуш хилча Делера йоккха ял хуьлу. Иза доьшуш волчо хьоьгуш долчу къинал дукха а хуьлуш.

Делан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:

<<���Аллах1ан жайни 1 1 – Къуръан. чуьра хьарф ешначунна цхьа мела хуьлу, ткъа и мела итт мела санна бу 2 2 – Тирмизий,2910. >>.

Кху хьадисехь Делан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) билгалдо вайна:

1-Къуръан т1ера цхьа хьарф (элп) дешначунна цхьа мела хуьлу.

2-И цхьа мела Дала итт меле кхочуш са боккху. Т1аккха цунна цхьа хьарф ешча итт мела хуьлу. Иза Делера йоккха комаьршалла ю Къуръан доьшучунна.

Мел йоккха комаьршалла ю иза Делера Шен Къуръан доьшучунна. Цхьауз къуръан дешначунна, цо иза уьттаза дешча санна мела хуьлу цунна!!

Делера ма доккха совг1ат ду иза декъала хилар лоьхучу стагна. Ахь Къуръан т1ера дешна долу муьлхха х1ума, ахь уьттаза дешча санна хуьлуш хилча, Къуръан дуккха а доьшуш хила ца веза хьо?

Къуръан т1ехь алсам къа хьоьгуш хила ца веза хьо, х1ай Делан лай?

Цу т1ехь само ян еза ахь, х1ай Къуръанаца ийман диллинарг.

Хьуна цхьа х1ума хаьий? Дерриге Къуръан цкъа дешна чекхдаьккхича мел ял хуьлу хаьий хьуна?

Дерриге Къуръан цкъа дешна чекхдаьккхича кхо миллион кхо б1е эзар (3300 000) мела хуьлу!!!

Ткъа и кхо миллион кхо б1е эзар уьттаза са даьккхича мел мела хуьлу хаьий хьуна?!

Аллах1у Акбар!

Дагар де… ойла е… дуста хьайн дагахь…

Иза хуьлу ткъе кхойтта миллион (33 000 000) мела хуьлу!!!

Аллах1у Акбар!!

Миллионер ву-кх хьо!!

Х1ай Аллах1ан лай, ахь ойла йой цу белхан? Ткъе кхойтта миллион ял хуьлу хьуна ахь цкъа Къуръан чекхдаьккхича. Я Аллах1, ма доккха ни1мат ду иза.

Цхьа х1ума ала соьга, Дела Къинхетаме вуй хаьа-кх хьуна. Ткъа Цуьнан къинхетам мел боккха бу хьуна хаа лаахь, хьажа аса хьайга х1инца эр долчуьнга.

Дикка ешалахь.

Дала Къуръан чохь аьлла:

Баккъалла а, дикачу (мелехь долучу) х1уманаша вониш (къинош) д1адоху 3 3 – Х1уд, аят: 114. .

И х1ун бохург ду хаьий хьуна?!

Иза дера ду стага динчу цхьана диканна дуьхьал Дала цу стеган цхьа вон д1адоккху, цунна къинт1ера а волу.

Ткъа ахь ойла е. Стага цкъа Къуръан дешна чекхдаьккхича, цунна ткъе кхойтта миллион дика хуьлуш хилча, оццул Дала цу стеган къинош геч а дой д1адоху цу стагана т1ера!!!

Аллах1у Акбар!

Ла́ ила́х1а иллаллох1!

Я Аллах1, ма доккха х1ума ду иза!

Ахь ойла е, оццул къинош стагана т1ера д1адохуша хилча, къа диса а дуьсур дуй-те цунна т1ехь. Я Аллах1, ма боккха бу-кх Хьан къинхетам тхьоьца! Я Аллах1! Ма доккха дика дина Ахь тхуна Хьайн Къуръан даларца, иза тхуна деша могашалла яларца, иза тхуна 1амадарца, иза тхоьга дешийтарца. Хастам бу Хьуна, х1ай тхан везан Дела! Хастам бу Хьуна!

Суна схьахетарехь, х1ара хиъначул т1аьхьа цхьа а 1ийр вац Къуръан ца доьшуш, иза шена деша ца 1амош! Къуръан 1ама а дина, юх-юха чекхдаккха ца лууш цхьа а вуьсур ву аьлла ца хета суна.

Вай тидам ца бо Къуръан т1ера цхьа элп дешча итт элп дешча санна мела хуьлу бохучун, амма хьо иза дагардан воьлча хьераваллал х1ума карадо. Цундела, Къуръан деша деза вай. Дуккха а деша деза, ваьшна дуккха а мела баккхархьама, эхартахь вайна цунах бекхам хилийтархьама.

Амма тахана вай Къуръан т1ехь къахьегарца г1ийла ду. Къезиг нах бен бац Къуръан доьшуш 1амал еш берш. Дуккха нахана Къуръан деша ца хаьа. Ткъа цул а галдаьлларг – иза шена деша 1ама а аца г1оьрта. Тайпа-тайпана бахьанаш лоьху: «хан яц, 1емар дац, воккха хилла, жима вац, корта бац, д1алацалур дац, ва.. ва… ва..» – иштта д1а кхин а дуккха а бахьанаш.

Амма хан хуьлу цуьнан деха сахьтанашкахь телевизор хьежа а, телефон чу хьежа а, накъосташца хан яккха а, шен г1уллакхаш дан а, амма цу Къуръан т1е куьг ца кхочу-кх цуьнан. Къуръанна хан ца карайо-кх цунна. Иза бакъ дац. Бакъдерг, цунна лаам ца карабар ду. Иза ду бакъдолу жоп.

Лаам ца хилар – Эхартан са къезиг гаттадар. Дуьне хьалха даьккхина хилар, эхарт т1аьхьа а теттина. Дуьне ма лаха ца боху бусалбачу дино, амма иза Къуръан д1а а тасий ма лаха боху, Къуръанац лаха боху, т1аккха хьайн г1уллакхех беркат хир ду хьуна.

Тахана хьуна цхьа болх нисбелча, цунах хьуна луш долу алапа уьттаза са доккхуш хилча, иза болуьйтур барий ахь ца беш?

Бацара. Вайх цхьаммо а бацара.

Цу белхан алапа ткъе кхойтта миллион хилча ца беш 1ийр дарий вай иза?

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Похожие книги на «КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА»

Представляем Вашему вниманию похожие книги на «КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА» списком для выбора. Мы отобрали схожую по названию и смыслу литературу в надежде предоставить читателям больше вариантов отыскать новые, интересные, ещё непрочитанные произведения.


Отзывы о книге «КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА»

Обсуждение, отзывы о книге «КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА» и просто собственные мнения читателей. Оставьте ваши комментарии, напишите, что Вы думаете о произведении, его смысле или главных героях. Укажите что конкретно понравилось, а что нет, и почему Вы так считаете.

x