Хьусайн Шовхалов - ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ

Здесь есть возможность читать онлайн «Хьусайн Шовхалов - ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ» — ознакомительный отрывок электронной книги совершенно бесплатно, а после прочтения отрывка купить полную версию. В некоторых случаях можно слушать аудио, скачать через торрент в формате fb2 и присутствует краткое содержание. ISBN: , Жанр: russian_contemporary, на русском языке. Описание произведения, (предисловие) а так же отзывы посетителей доступны на портале библиотеки ЛибКат.

ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ: краткое содержание, описание и аннотация

Предлагаем к чтению аннотацию, описание, краткое содержание или предисловие (зависит от того, что написал сам автор книги «ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ»). Если вы не нашли необходимую информацию о книге — напишите в комментариях, мы постараемся отыскать её.

– Яах1ума яаран г1иллакхаш;– Яах1ума яаран нийса куц;– Берашна а, баккхийчарна а яах1ума яа 1амор;– Яах1ума яарехь хьарам дерг;– Вовшахкхеттачохь яах1ума юуш лело дезарг;– Хьошалла нийса дар;– Хьошалг1ахь лело дезарг.

ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ — читать онлайн ознакомительный отрывок

Ниже представлен текст книги, разбитый по страницам. Система сохранения места последней прочитанной страницы, позволяет с удобством читать онлайн бесплатно книгу «ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ», без необходимости каждый раз заново искать на чём Вы остановились. Поставьте закладку, и сможете в любой момент перейти на страницу, на которой закончили чтение.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

«Бисмиллах1» бохурга: «Аллах1ан ц1арца» бохурга ду. Иштта «бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм» а ала мегар ду.

Ткъа «бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм» бохурга: «Аллах1ан ц1арца Сов Къинхетамечу Къинхетам бечу» бохург ду.

Ткъа яах1ума юуша бисмал даккхаро чу лоцу, Аллах1ан ц1арца яах1ума яа вола валар. Иштта волавалар беркате хира ду.

Амма яах1ума яа волавалле биссмал даккха вицлахь, яах1ума юуш шена дага ма деина эра ду : «Бисмилла́х1и аввалах1у ва а́хирох1у».

Пайхамаро (Аллах1ера хьаствар а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Амма иза вицлахь (яах1уман хьалха бисмал даккха) шена дагадеъча цо олийла: «Бисмиллах1 аввалах1у ва а́хирох1у 4 4 – Абу давуд,3767. .

Цуьнан маь1на: «Аллах1ан ц1арца хьалхенгахь а, чаккхенгахь а».

Нохчий маттахь а ала мегар ду из.

Яах1ума юучо бисмал ца даьккхинехь, шайт1ано цуьнца цо юуш ериг юу. Амма ша бисмал ца даькхний дага а деъна, вицвелча даккха ма дезар бисмал даккхахь шайт1ано ша йиънарг хьала1аьттайо. Цундела, шена дага деъча даьккхина а, ша яах1ума йиан валле даккха деза, шайт1ига цо йиънарг хьала 1аьтта яйтархьам, иза дуза ца деш.

4) -АЬТТО Я АЬРО АГ1ОННА Т1Е ДУКХ Т1ЕХЬ ПАРХАТ ВОЛУШ Д1АТАЬ1НА ЦА ХИЛАР

Яах1ум юуш аьтто я аьро аг1онна дукх т1ехь пархат воккхучу кепара т1е таь1на яар дика лаьрра дац динехь, иштта ца яар мелехь лаьрра ду вайн динехь.

Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:

«Амма аса д1атаь1ина волуш яах1ум ца юу 5 5 – Бухарий: 5398. »

Дукха т1ехь сов д1атаь1ина волуш яах1ум яаро, стаге цуьнан дег1 хьаште долчуллаъ сов йоуьйту, цундела, дика ца лаьрра бусулба дино д1атаь1ина яах1ум яар. Т1къа сов яаро стаган совнах дилха т1е дуьллуьйту. Имам Иброх1ийм Аннахо1ис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла

<<���Д1атаь1ина болуш яах1ум яара ца дезара царна (хьалха хилчу дикачу нахана), шайн гайнаш даккхий хиларан кхоьруш>>».

Иштта т1аьхь сов д1атаь1ина лоруш ву букъ т1е д1авижина а волуш яах1ум яар, иза дика дац.

5) -ЯЪХ1УМА ХЬАНАЛ ХИЛАР

Шен юух1ума хьанала хилийтара бусулбачу стега декхар ду,

Дала цунна т1едиллина долу. Х1ора адмана т1ехь ду хьанал риц1къ даар, хьарам риц1къах лардалар. Лекха а, Сийлахьчу Дала къуръан чохь аьлла :

«<<���Х1ай ийман диллийнарш, Оха шайна делла хьанал риц1къ даа 6 6 – (Аль-бакъара, аят: 172). >>.

Цундела, стага шен риц1къа хьарам долчух, я шеконе долчу риц1къах хилийта мегар дац. Ткъа хьарам риц1къа дуучуьн до1ан Дала жоп а ца ло, маьлла кхиъ дуккху зенаш а хуьлу цунна цунах.

Иштта хьарам риц1къ доккхуш волчу стаг волчехь риц1къ даар хьарам ду, цуьнгара саг1а а, совг1ат а схьаэца а хьарам ду. Иза хьарам ду, нагахь санна цуьнан дериге риц1къ хьарам далахь. Амма цуьнан риц1къ ийна делахь, цхьадерг хьанал долуш, важа хьарам долуш, т1аккха и волучехь яах1ума яа мегар ду, амма ца йиича дезох ду. Иштта, цуьнгара саг1а а, совг1ат а схьаэца мегар ду, амма ца аьцчча дезох ду.

6) -ШЕН РИЦ1КЪАНА РЕЗА ХИЛАР

Дала шена делчу риц1къана реза хилар бусалбачу стега декхар ду.

Дала шена делчу риц1къана пусар дар, Цунна хастам бар декхар ду бусалбачу стега, иза дукх аделахь а, я къезиг делахь а. Шен риц1къан реза воцуш шен даг чохь х1ума хаалахь, шегахь долчуллаъ шайгахь доцучаьрга хьожийла иза, т1аккха хуур ду цунна Дала шех бина къинхетам.

Яах1уманна оьг1аз эхар, моханаш яр, сакхаташ дийцар магийна дац Дала.

Абу х1урайрас (Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла:

«Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) ц1аллигора ц1а, яах1уманна сакхташ ца дийцина, шена иза езахь юура, шена иза ца езчи 1адда юьтура 7 7 – Бухарий,3063. Муслим,2064. ».

Цундела, пайхамарха (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) масал эца деза шена яах1ума дика ца реза воцучо.

7) -НИЙСА-ОЬЗДА ОХЬА ХААР

Яах1ум юуша бусалба динехь г1иллакхехь охьахаар шина кепара деъна вайн пайхамаригар (Делера салават а, маршала ахуьлда цунна).

Хьалхарнаг: Ши ког буха бахийтина, цу шинна т1е охьахаар, ламазехь аттахьийят доьшуш санна.

Шоллаг1наг: Аьтто ког д1аа хоттийна, аьро ког буха бахийтина, цунна т1е охьа хаар.

Иштта охьахаар вайна билгалла дина, стаг кура сеттина охьа ца хаийта ша яах1ум юуш, х1унда аьлча, бусулба стаг ша яах1ум юуш нахах къаьста ца г1ерташ, оьзда хиина 1аш хила везаш волун дера.

Кху шина кепара охь хаара деза ду, вуьшта, муьлхачу кепара охьа хаа мегар ду, аьтто я аьро куьйга т1е таь1ина ца хилчахьан лакхахь хьахдина ма хилар.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Похожие книги на «ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ»

Представляем Вашему вниманию похожие книги на «ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ» списком для выбора. Мы отобрали схожую по названию и смыслу литературу в надежде предоставить читателям больше вариантов отыскать новые, интересные, ещё непрочитанные произведения.


Отзывы о книге «ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ»

Обсуждение, отзывы о книге «ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ» и просто собственные мнения читателей. Оставьте ваши комментарии, напишите, что Вы думаете о произведении, его смысле или главных героях. Укажите что конкретно понравилось, а что нет, и почему Вы так считаете.

x