Цуьнан политически проектан коьрта Iалашо ма-дарра аьлча зен-зулам доцуш, социалистически системан халонах чекх а ваьлла, дуккха а ханна куьйгаллехь виссар йара.
Хьалхара кхачамбацар дукха сиха гучуделира. Вай хьалха аьлла ма-хиллара вайнехан цивилизацин тIаьхье нохчий хилла ца Iаш, церан вежарий гIалгIай а бу. ГIалгIайн къоман терахь 200 000 стаг бен дац, ткъа церан латтанаш Нохчийчоьнна а, Къилбаседа ХIирийн республикина а йуккъахь ду.
Уьш а нохчий санна махках баьхна хилла а бу, цIа бирзича иштта халонашна тIеIиттабелла а бу, амма цхьа башхалла йолуш: Москвас гIалгIай шайн дерриге а латтанийн дай хила ца битира. ГIалгIайчоьнан къилба-малхбузен хьаьрмара жима кIошт Къилбаседа ХIирийн республикин дIайеллера, хIунда аьлча гIалгIай махкаха баьхначу хенахь цу хьаьрмахь кхоьллинера ХIирийчоьнан коьрта шахьар Буро-ГIала. Къаьмнийн йукъара барт ца бохийта правительствон сацам хилира Пригородни олу кIошт гIалгIайшна дIа ца йала.
ХIинца дешан маршо йаьллачу муьрехь гIалгIайша а кхойкхура и исторически гIалат нисдаре.
Завгаевс нохчашка национализмах ларло бохучу муьрехь, Кодзоевс дийнна урамаш дара гIиттош гIалгIайн къоман кхетам самабаккха Iалашонца.
Цо дийцарехь, Нохч-ГIалгIайн АССР-ана ГIалгIайчоь йукъайогIуш йоллушшехь, амма ГIалгIайчоь даима а экономически а, социальни кхиарна йуьстах лаьттина йу, цуьнан лан дезна дукхох долу инвестицийн дакъа Соьлжа-ГIалахь хилар а, цунах болу пайда дукха хьолахь оьрсийшна а, нохчашна а хуьлуш хилар а.
[34] Шен жимачу къоман массо а векалш Къоман Конгрессе а гулбина, Кодзоевс ассамблейа ишта къамелаца ерзийра: муьлхха а къам Iалашдеш лардаран коьрта биллам бу цуьнан шен къоман пачхьалкхан кеп хилар. Карарчу хенахь гIалгIайн къам тIеIоттаделла коьрта хало йу цуьнан автономи йухаметтахIоттор. И кхачамбацар нийса къаста ца йича адамийн дахар цкъа а кхачалла йолуш хир дац.
Кодзоевс гIовттийначара Завгаевна тIедожадора шайн лехамаш центральни правительстве бовзийтар, оцу кепара ГIалгIайчоьнна Пригородни кIошт йуха йерзо гIо а деш.
И кхоллайелла кхачамбацар куьйг кIелара дIа ца йалийта а, чехкачу Кодзоевна гIалгIай къам дуьхьал далийта а Завгаевс тешо йира халкъан депутатийн гуламехь махках даьхначу къаьмнийн хьокъехь закон кховдор ду аьлла, ткъа цу закона къобалдан деза бакъо йоцуш дIа мел даьккхина хилла латта шайн дайшна дIадалар.
ГIалгIай цхьа жимма а севцича, Завгаевс долийра Бисултанов Хож-Ахьмадана тIаьхье партийни бюрократи дIа а йаьккхий, административни даржаш цIинде бохуш кхайкхамаш беш йолу Халкъан фронт дIайаккхар.
Арахь хуьлучу гIаттамийн терахь белхазаллин терахьца нийсса лаккха долуш дара: перестройкин тIаьхьалонаша шайх лаьцна хоуьйтуш дара, къаьсттина цара тIеIаткъам бинера экономически уггаре а гIийлачу чкъурана.
Царна йукъахь бара хенийн белхаш деш болу нохчий, церан терахь ши бIе стаг гергга дара (бахархойн 10—15%). ХIинца тIедогIуш рицкъа а доцуш биссина уьш, гIаттамхойн тобанех дIакхеттера.
Завгаевна хаьара нагахь санна и массо а нах шегахьа а берзийна, царех шен политически гарант ша йича, цо оппозици дIайаккхарал совнаха, Советан Iедал доха герга дахча, шена дика гIортор а кечйир йу. Цундела ша дарже хIоьттина дукха хан йалале, Хьалхара Секретарьс омра дира кIоштан ворхI секретарь балхах мокъа вита а, иштта балхара дIабехира дуккха а партийни баьччанаш а, меттигера хьаькамаш а.
Иза массарна а революци сацор санна хийтира, цундела Завгаевца болу ларам стигла кхаччал лаккха а белира.
Секретарьш хийцаро Халкъан фронтан политически майданера дIайаккха дика лард йиллира.
ХIинца кхин а цкъа ца хьахо, гIалгIайн хаттар дара къасто дезаш. 1989-чу шеран лахьанан беттан 4-чохь халкъан депутатийн Гуламо бехк боцуш махкаха даьхначу къаьмнийн хьокъехь, деклараци тIечIагIйира.
Иза хIинца а реабилитацин закон дацара, амма гIуллакх цу тIе доьдуш дара, цундела цунна зорба тохар бахархоша доккхачу хазахетарца тIе а лецира.
[35] Завгаевс шен политика чIагIйан деш долу гIуллакхаш социальни а, динан а агIонашка а даьржаш дара. Конфессиональни тIегIанехь, Завгаевс ахчанца кхачо йира бусулба динан институташ кхолла а, керла маьждигаш схьаделла а, иштта таро йира СССР-ехь дуьххьара Макке хьаж дан а, гIо дира Исламски совет кхолла а. Социальни тIегIанехь керлачу Хьалхара Секретарйа хIоттийна йоккха Iалашо йара, амма иза кехат тIехь йиссира, кхин кхочуш ца хуьлуш.
.
Завгаевн цIе хIетахь йукъараллехь шуьйра йаьржина йара. 1990-чу шеран бекарг баттахь цуьнан башха аьттонаш бара цу политически кхиамех боккха пайда эца. Хьалхара аьтто бара Нохч-ГIалгIайчоьнан Лаккхара Советан хIоттам цIинбар.
Читать дальше