Ас йемал до муьлхха а дов йа къаьмнашна йукъара дар-дацар тIамца, ницкъаца, герзаца къасторан. Ас йемал до политически а, а динан а, иштта экстремизман муьлхха а кепан.
Бенедетти Франческо
Акаев ИсмаIал
Тешо йолуш ала мегар ду тIаьхьарчу ткъе итта шарна йукъара хиламаша даг тIехь чов ца йеш ца витина цхьа а нохчо. 1944-чу шарахь махках дахаран лазам хIинца а кийрахь Iийжачу къомана рогIера къиза киртиг тIеIоттайелира.
ТкъолгIачу бIешарехь инзаре чолхе хиламаша дуьзна дара нохчийн къоман дахар. Церан ирча лар схьайогIура 17—19 бIешерашкара дуьйна. Иза ларамза а дац, Росси пачхьалкхица уьйр мел лаьтта. ТIаьхьарчу ткъе итта шарех дерг аьлча, къаьсттина Нохчийчоьхь хиллачу шина тIамах дерг, и хилам башха тергал ца бира йа Россин пачхьалкхахь а, йа дерриге а дуьненахь а.
Дуьненахь уггаре а ницкъ болчу Россин эскарна дуьхьал тийссадала ша диссира нохчийн жима къам. Нохчийчохь цIий Iанар бахьана долуш, хIаллак хилира бIе эзарнаш маьрша адамаш, ткъа дийна биссинарш пана махкашкахь дIасабаьржира.
Дукха хан йоцуш, интернет сурсаташкахь со ларамза тIеIоттавелира Бенедетти Франческос йеллачу интервьюна. Журналистаца дечу къамелехь цо дуьйцура нохчийн къоман историх лаьцна ша йазйиначу книгах лаьцна. Цуьнан къамелан кIоргIечу чулацама, нохчийн къоман баланех лаьцна цуьнан дог дуьзна болчу лазамо со а, сан кхетам а бакъ долуш Iадийнера. Мацах шираллехь йухаметтахIотторан муьрехь Европана культуран серло гайтиначу генарчу Италин Флоренци гIалахь веха жима стаг дуьненан бIаьргаш делла гIертара, жимачу къомо лайначу балина, цуьнан тидам тIеберзош. Цуьнан къамелах бIаьрг буьзначу сан ойла кхоллайеллира цо бина болх кIоргера талла. Итальянски мотт сайна ца хуушшехь, сан аьтто белира и книга йеша а, цул совнаха оьрсийн матте гочйан а, хIинцалц нохчийн баланашна къора а, бIаьрзе а хилла юкъаралла, интеллигенци, журналисташ, историкаш самабаха Iалашонца. Айса тIелаьцнарг хала а, атта кхочуш а дина ас, цул совнаха авторан пурбанца цхьацца хийцамаш а бина. Со тешна ву, йешархочунна атта а, кхетар а волчу а, маттахь йазйина хIара книга историкашна хилла ца Iаш, муьлха а стагана пайдехь хир йу аьлла. ХIара хьалхара гIулч бен йац нохчийн тIамах лаьцна Бенедетти Франческос йухьаралаьцначу некъан. Со тешна а ву кху книгас эзарнаш йешархойн кхетамехь боккха а, чулацаме а некъ беш, дуьненна бицбелла нохчийн балане церан болу хьежамаш хуьйцуш, кху заманан литературни а, исторически а майданехь йоккха меттиг дIалоцур хиларах.
Акаев ИсмаIал – журналист, йаздархо, Лондонера Евразийски кхоллараллин гильдин декъашхо.
«Нохчо хила хала ду. Иза хьан синан шатайпа хьал ду. Нохчо даима а къиссамехь ву. Амма цо цкъа а йа тIом а, йа къиссам а ца латтийна шен лулахошца. Исторехь цкъа а хилла дац нохчийн къомо цкъа мукъне а шайн лулахошна тIелатар дина аьлла, амма нохчийн даима а дезна шайн Даймохк, шайн культура, шайн Iадаташ, шайн дин бахьнехь къиссам латто. Нохчо даима а шен кхолламан лехамашкахь ву. Иза цкъа а ца веха шена. Цуьнан дахаран маьIна – цуьнан тIаьхье йу. Муьлхха а нохчочунна сийлахь декхара хетта шен берашна цIенош дар, церан дахар дIанисдар а, йаьхь йолу тIаьхье кхиор а.
Нохчо дика доттагIа а ву, амма иштта вуно кхераме мостагIа а ву. Иза атта ца теша. Цо ца белхабо шен эшамаш, мелхо а царех воьлу иза. Нохчочо шен зудчун цIе ца йоккху, нахана хьалха цкъа а шен бер а ца хьосту. Шен дена-нанна хьалха а хьостур дац нохчочо цкъа а шен бер.
Нохчочунна ша веха хIусам даима а хетта йухур йоцу гIап, цундела цо шен цIенна йисте леккха керт хIоттайо. Нохчаша даима лерина терго йо шайн ков-кертан, шайн хIусамехь долчу хьолан, даккхий хилла аренца лелачу шайн берийн цIа дерза лаам хилийта.
«Хала ду нохчо хила» Чеснов Ян.
Мацах дуьйна нохчийн Даймохк Кавказ хилла – Iаьржа а, Таркхойн а шина хIордана юккъахь Iуьллу и исбаьхьа латта. Иза декъалуш ду шина ламанан даккъашца: мелла а лекханиг Къилбаседа агIор долу дукъ ду, цунах Сийлахь Кавказ олу, мелла а лоханиг Къилбера Жима Кавказ олуш дерг ду.
Цу лаьмнийн даккъашкахула чекхвала хала ду. Ламанан басешца йуьткъа тогIеш йу, ткъа цу тогIешкахь охьаоьхуш ду эзар шерийн йохаллера дуьйна шайн некъ баьккхина хилла ламанан татолш.
Читать дальше