Советан Iедал шайца мел къиза хиллехь а, нохчаша шайн ницкъ кхочург дира Даймехкан Сийлахь Боккхачу тIамехь Советски Союзе толам баккхийта.
Вай хьалха билгал ма даккхара, Соьлжа-ГIала Гитлеран стратегически Iалашо йара. 1942-чу шеран аьхка немцойн эскар тIамца Къилбаседа Кавказе кхаьчначу хенахь, Соьлжа-ГIалах фронтана уллера гIала хилира.
МостагIа гIала чу ца ваийта меттигера бахархоша шайн ницкъ кхочург дира. 40 итт эзар стаг араваьллера гIала йистошкахь тIеман дуьхьал оьрнаш дохуш, кхин болу кечам беш.
МостагIа гIала чу ца веара, амма Гитлеран сацам хилира шега ца йаьккхайелла гIала хIаваэхула хIаллак йан.
Цу Iалашонца ара йаьккхинера «Гинденбург» цIе йолу бомбардировочни 1-ра эскадра а, «Викинг» цIе йолу 100-гIа бомбардировчни эскадра а, «Веспе» цIе йолу йозаллин кеманийн 1-ра эскадра а, 52-гIа истребительни эскадра а.
Тайп-тайпана хаамашца, 1942-чу шеран эсаран баттахь 156 немцойн кемано Соьлжа-ГIалина тIе охьакхоьссинера 400 фугасни бомба. Сийна цIе йаьлла йогура гIала. Иза йаьгна дIайалийта Iалашо а йара Вермахта йуьхьарлаьцнарг. Къаьсттина цу муьрехь шайн граждански доьналла гайтира меттигера цIейайархоша. Шайн синош ца кхоош арабевллера уьш гIала йаьгна дIа ца йалийта. Иза ларйан церан аьтто а белира. Цара гайтинчу доьналлин сийнна карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь лаьтташ хIоллам бу.
Нохч-ГIалгIайчоьнан векалша фашизмаца болчу къиссамехь шайн йист йоцу майралла, доьналла, къонахалла гайтира. Дуьнена шолгIачу тIеман уггаре а къизачу къиссамашкахь йитина цара шайн дашо лар. Церан къиссам бахьана долуш къаьсттина Кавказехь йухатоьхна фашистийн бIо.
1943-чу шеран чилланан баттахь, Сталинградехь эшам хилалчул тIаьхьа, Вермахт кавказера дIайахара. Амма Сталина нохчашна а, гIалгIайшна ала кечдина баркалла кхин маьIна долуш хиллера.
1943-чу шеран чакхенехь Нохч-ГIалгIайчоьнах фронтан тыл хилла, йуха а толаме кхача цо шен ницкъ кхочург мел дечу хенахь, Сталина шен чоьхьарчу гIуллакхийн министре Берия Лаврентийга омра дира СССР-ан дахарехь уггаре а хала киртиг тIехIоьттинчу муьрехь мехала дакъа ца лаьцначу, цу синтем байначу къомаца дерг гуттаренна а къасто.
[11] Сталинан боьхачу ойлано шен тидаме ца оьцура ЦIечу эскаран могIарехь нохчаша гайтина доьналла. Вай хьалха билгал ма даккхара, нохчаша цу тIамехь кхин долчу кегийчу къаьмнашца дустича, уггаре а къеггина лар йитина. Цара доьналлица ларйина Брест гIап, Курск, Ленинград, Сталинград. Нохчо хилла берхIиттара бен валанза волу къона пулеметчик Нурадилов Ханпаша цо шен куьйга х1аллак вина 920 фашист. Иштта, нохчий хилла Эльба хи йистехь барт бина волу эпсар Висаитов Мовлид, Рейхстаган херцарш тIехь цIен байракх айбина волу Исмаилов Хьаким. ТIеман муьрехь эзар нохчо пачхьалкхан совгIатаца билгалвоккхур ву.
Амма мехала дакъа ца лаьцна бохург иза боьха харцо йара, ткъа иштта дика идеологически гIулч а йара Ермоловс болийна некъ чекхбаккха, ткъа дуьненна-м бала бацара цигахь хуьлучунан.
Берияс Сталинан омра йист йоцучу къизаллица кхочуш дира, Соьлжа-ГIала НКВД агентийн тоба дIа а кхачийна. Цо шен нахана омра дира нохчаша а, гIалгIайша а гайтина «йамартлонан» тоьшаллаш гулде аьлла. Халкъан комиссараша диначу жамIехь билгалдоккхуш дара ткъе берхIитта динан секта а хилла, цу йукъа вогIуш Советан Iедал дохо Iалашо йолу ткъех эзар гергга стаг а хилла аьлла.
Сталинан къинхетам боцучу чалтача хIинцале буьззину барамехь гайтинера шен къизалла, цкъа ша схьаваьллачу Закавказьехь, ткъа йуха Польшехь, Балтийан мехкашкахь. И меттигаш цо цIанйинера интеллигенцих а, буржуазих а. ГIебартойн-Балкхарехь а, Кхарачойн-Чергизахь а шен тIеман машен зийначул тIаьхьа, цо сацам бира Iаьнан чаккхенехь нохчашца а, гIалгIайшца а дерг къасто.
1943-чу шеран гIуранан баттахь дуьйна 1944-чу шеран кхолламан бутт кхаччалц саьлтий а, НКВД белхалой а Нохч-ГIалгIайчу кхачийнера йалта гулда кечам беш болчухула.
Машенаш а, цIерпошташ а хIинцале кечйинера тIеман складашкахь а, аьчка некъийн станцияшкахь а. Ткъа оцу хенахь саьлтий берриге а махкахь гарнизонаш кхуллуш бара.
Чилланан беттан 22-23-чу буса дIайолайелира оьрсийша «Чечевица» аьлла йолу операци, ткъа нохчийн исторехь иза «Ардахар» цIарца йевза.
Цхьаьна дийнахь нохчийн нийсса ах къам даьхний дIасалелочу цIерпошташна чу а доьттина Центральни Ази дIахьажийра. Масех де далале и гIуллакх кхочуш дийр дара тIаьхьадиссиначу къомаца а. Ког ца баккхалучунна йа дIаваха ницкъ боцучунна цу меттехь тоьпаш тухуш йара. Муьлхха а дуьхьало йар эрна дара, ткъа и дуьхьало йан цхьа ойла бен кхоллайелла йоцу йарташ цIе тессина йагош йара, ткъа цигара адам дуьйш дара.
Читать дальше